Мы поможем в написании ваших работ!



ЗНАЕТЕ ЛИ ВЫ?

Урокан ц1е:Дакъойн терахьдешнаш.

Поиск

1алашо: Муьлхачух олу дакъойн терахьдош,

                цо х1ун гойту, цуьнан хаттар хаар.

                               Урок д1аяхьар.

Ι.Урокан болх д1ах1оттор.

ΙΙ.Ц1ахь бина болх таллар.

 

1)Барта ц1ахь бина болх толлу.

2)Бакъонаш схьаюьйцуьйту.

ΙΙΙ.Гпйтаран диктант.

1уьйранна шайн кора к1елахь шилделла, г1орийна ши хьоза гира Рамзанна. Цо х1ора 1ай шен кора т1ехь кхобура 14-15 хьоза. Х1инца а кечйира Рамзана хьозашна таса х1ума меттиг. Т1аккха баьпкан цуьргаш а, жимма к1а а доьхкина цо ша кечйинчу стоьл т1е.Цхьа хан яьлча,хьозийн г1овг1а а хезна, арахьаьжча, цунна гира пхи-ялх хьоза.Царех шиъ дара к1енбуьртиг къуьйсуш, г1овг1а еш.Цаьрга хьоьжучу Рамзанан самукъаделира.

-Терахьдешнийн тайпанаш билгалдаха, буха сиз а хьоькхуш.

ΙV.Керла коьчал йовзийтар.

1.Хьехархочун дош.

Мас-масалг1а? бохучу хаттарна жоп лучарах дакъойн терахьдешнаш олу.Масала: пхиъ-уьссалг1а, цхьаъ-шолг1а, ялх-вуьрх1итталг1а.

 

V.1амийнарг т1еч1аг1дар.

 

1.Кхочушде 106-г1а шардар.

2.Х1ара терахьдешнаш йозанца яздо.5/6,7/9,5/2,4\8,5\10,17/18,7/8.

VΙ.Жам1 дар.

 

1.Хаттарш ло коьчалх.

-Маса тайпа 1амийна вай терахьдешнийн?

-Декъаран а, дакъойн хаттарш муха ду?

-Декъаран а, дакъойн терахьдешнаш муха къастало вовшах?

 

Комментировать еш оценкаш д1айохку.

 

VΙΙ.Ц1ахь бан болх.

 

1.1амае 15-г1а §

2.Терахьдешнаш юкъахь а долуш предложенеш х1иттае.

 

 

 

 

Г1ий урокаш.

Урокан ц1е:Гулдаран а, билгалза –масаллин а терахьдешнаш.

1алашо: Х1ун олу гулдаран терахьдашах,муьлхачун билгалза масаллин терахьдош олу хаа деза.                                                                  Билгалза-масаллин терахьдешнаш ц1ердешнашца нийсаяздар.

Урок д1аяхьар.

Ι.Урокан болх д1ах1оттор.

ΙΙ.Ц1ахь бина болх таллар.

1.Барта дуьйцу шардар т1ера терахьдешнаш.

2.Бакъо схьаюьйцу дешархоша.

ΙΙΙ.1амийнарг карладаккхар д1ахьо х1окху хаттаршна жоьпаш луш.

-Стенах олу терахьдош?Даладе масалш.

-Муьлхачу тайпанашка декъало уьш?

-Дожаршца хийцалой терахьдешнаш?

-Маса тайпа 1амийна вай терахьдешнаш?

ΙV.Керла коьчал йовзийтар.

1.Хьехархочун дош.

Вай тахана 1амош долу шина тайпана ц1е гулдаран а,билгалза-масаллин атерахьдешнаш ду.

Юьйцуш йолу х1уманаш ерриге юкъа а лоцуш,хуттургаца лелаш долчу терахьдашах гулдаран терахьдош олу.Масала:пхий а,вейтте,ший а.

Билгал маса я мел ду ца гойтучух билгалза-масаллин терахьдош олу.Масала: цхьа-ши коч,пхи –ялх к1ант,ши-кхо 1аж.

2.Ешуьйту 16 бакъо дешархошка.Ца кхеташ дерг хьехархочо дуьйцу масалш даладо,масалшца дешархой дика кхета.

V.1амийнарг т1еч1аг1дар.

1.Кхочушде 110-г1а шардар. Ялх бохучу дашна бе фонетически къастам.

2.Кхочушде 112-г1а шардар.

-Бийца оцу кицанийн чулацам.

VΙ.Дешархошка уьн т1ехь болх байтар.

1.Д1аязде дешнашца:20,26,30,35,37,40,1/10.2/8,11-11,7-7,3-3,3/4,8/11.(ткъа,ткъе ялх,ткъе итт,ткъе пхийтта,ткъе вуьрх1итта,шовзткъа,цхьаъ-уьтталг1а,шиъ-барх1алг1а,цхьайтта-цхьайтта,ворх1-ворх1,кхоъ-кхоъ,кхоъ-доьалг1а,барх1-цхьайтталг1а).Дийца,уьш муьлха терахьдешнаш.

-Йозанца язде и терахьдешнаш.

VΙΙ.Жам1 дар.

-Вайн урокан ц1е?Муьлха тайпанаш 1амийна вай тахана?

-Муха къасталур ду и ши тайпа?

-Маса тайпа девза вайна?

Комментировать еш оценкаш д1айохку.

VΙΙΙ.Ц1ахь бан болх.

1.1амае 16-г1а§

2.Кхочушде 11-г1а шардар

 

 

Г1ий урокаш.

Урокан ц1е:Рог1аллин терахьденаш

1алашо:Хаа деза,рог1аллин терахьдешнийн маь1на,х1ун гойту цара, муьлхачу хаттаршна жоп ло.

                Лаамечу рог1аллин терахьдешнийн дожарийн чакхенаш ниса ала хаар.

                    Урок д1аяхьар.

Ι.Урокан болх д1ах1оттор.

ΙΙ.Ц1ахь бина болх таллар.

1.Дешархошка доьшуьйту ц1ахь кхочушдина шардар.

2.Бакъо схьаюьйцу.

ΙΙΙ.1амийнарг карладаккхар а,т1еч1аг1дар.

1.Предложении х1иттайо терахьдешнаш юкъахь а долуш дийцаран,хаттаран, айдаран.

2.Х1ара терахьдешнаш декъа шина б1ог1амалге,шайн тайпанашка хьаьжжина:кхузткъа, кхоъ-кхоъ, шиъ-шиъ,кхо-диъ,исс-цхьйталг1а,эзар,пхийтта,ворх1е а, ткъайоьсне а, б1е-б1е,шиъ-кхоалг1а,диъ-уьтталг1а.

ΙV.Дешархошка шайга болх байтар.

1.Кхочушдо 114-г1а шардар.

2.Шаьш язйинчу предложенешна схемаш х1иттае (ши-кхоъ)

V.Керла коьчал йовзийтар.

1.Хьехархочун дош.

Дешнаш т1ехь болх бар.

Рог1ера,рог1ераниг-прил. Очередной;рог1ера хаттар-очередной вопрос.-Муьлхачу ц1ердашах кхолладелла рог1ера боху билгалдош?

-Муха кхолладелла иза?

2.Пхоьалг1а,йолг1алг1а,пхоьазлаг1а,уьтталг1а бохучу терахьдешнашнаша х1ун гойту,Муьлхачу хаттарна жоп ло цара?

3.Уьш кхолладелла масаллин терахьдешан орамера аз хийца а луш - лг1а,-алг1а,-азлаг1а суффиксийн г1оьнца: пхиъ- пхоьалг1а,диъ- доьалг1а,пхиъ-хоьазлаг1а.

VΙ.1амийнарг т1еч1аг1дар.

1.Кхочушде 115-г1а шардар.

-Терахьдешнаш йозанца язде,нийсачу тайпане а х1оттош.

2.Хаттарш.

-Стенах олу терахьдош?

-Маса тайпа 1амийна вай терахьдешан?

-Декъаран а,дакъойн а терахьдешнаша х1унт гойту?

-Гулдаран а,билгалза-масаллин а терахьдешнаш х1ун гойту?

VΙΙ.Жам1 дар.

-Стенах олу рог1аллин терахьдешнаш?

-Муьлха суффиксаш т1е кхета рог1аллин?

-Лааме терахьдешнашна т1е –ниг суффикс?

Комментировать оценкаш д1ах1иттайо.

VΙΙΙ.Ц1ахь болх бан.

1амае 17-г1а§

2.Кхочушде 117-г1а шардар.

 

 

Г1ий урокаш.

Урокан ц1е:Изложени«Гоцин шовда».

1алашо: Дозуш долу къамел кхиор.Предложени нийса х1отто хаар, пунктационни бакъонаш карлаяхар, уьш т1еч1аг1ъяр.

                                         Урок д1аяхьар.

Ι.Урокан болх д1ах1оттор.

 

ΙΙ.Изложени язъян кечам бар.

1)дешархошна тетрадаш декъар.

 

2)д1айоьшу изложенин текст.

  Аьхка хи дохделлера. Цу т1е руьйта (водопой) беъна бажа а лаьттара хи чохь. Муж(горячий источник) санна мела а,г1езаша бехдина мала дегаза а дара хи.

  -Эх1,ма хьагвелла со,- аьлла, хийисте д1ахьаьдира кхуран 1индаг1ехь садо1уш 1ачех цхьаъ.

-Ма малахь и боьха хи. Аса шийла шовда малор ду хьуна,-аьлла,сацийра иза Гоцис.

-Мичахь ду шовда?

-Суна карор ду.

   К1ант т1аьхьа а х1оттийна, хин йистошца волавелира Гоци.

-Х1оккхузахь ду шовда, - аьлла, когаш к1ел охьа ахьоьжуш,сецира Гоци.

-Мичахь ду шовда?

-Гоцис дагахь а доцург ма олу, - бохуш, т1егулделира бераш.

Гоци, кхин цара дуьйцург тергал а ца деш, сихвелла куьйгашца жаг1а а, г1ум а д1ай-схьай хьоькхуш,к1аг боккхуш воллура. Жаг1ий, г1ум хьалаяккха а кхиале, к1аг буззий хи х1уттура…

Хи дукха хан ялале хьаьира. Ша санна, шийла, седа санна, хьаъна дара иза.1аббалц хи мелира бераша.

-Гоци, хьуна муха карийра шовда? – бохуш, хоьттура бераш.

-Когаш а берзина хи йистехула дуьйладелла шаьш лелачу хенахь шан экъан т1е баьккхича санна хеташ, шийлачу метте ког баьккхича совца.Цигахь хьаьъначу хин карсолаш гур ду шуна. Гой шуна, г1амарш(песчанный) а сийсош, и хьала кхуьйсу хи? – бохуш, д1агайтира Гоцис.

Цул т1аьхьа, урана гондахьа баккхий т1улгаш а бохкуш, и шовда тодира бераша.Гуь1ранна шовданна кхо-йиъ г1улч хиллал юьстахо берда т1е ножан синтар дуьйг1ира Гоцис.И наж х1инца кхиъна.Г1алара а, юьртара а сада1а хийисте мел оьхучу наха молуш ду и шовда.

Х1етахь дуьйна Гоцин шовда олу цунах.(Х-А. Берсанов)

ΙΙΙ.Изложенин план йовзийтар.

1.Боьха хи мала дегаза ду.

2.Гоцин лаам.

3.Гоцина карийна шийла шовда.

4.Гоцис а,наха а лардо шовда.

ΙV.Оцу плане хьоьжуш,схьайийца изложенин текст.

Муьлха предложенеш ю 1аламан сурт х1оттош?

Муьлха къамел тодаран г1ирсаш бу кхузахь?Даладе масалш.



Поделиться:


Последнее изменение этой страницы: 2020-11-23; просмотров: 712; Нарушение авторского права страницы; Мы поможем в написании вашей работы!

infopedia.su Все материалы представленные на сайте исключительно с целью ознакомления читателями и не преследуют коммерческих целей или нарушение авторских прав. Обратная связь - 3.15.214.244 (0.007 с.)