Урокан ц1е:Талламан диктант.«1умхин накъост.» 


Мы поможем в написании ваших работ!



ЗНАЕТЕ ЛИ ВЫ?

Урокан ц1е:Талламан диктант.«1умхин накъост.»



1алашо: 1амийнарг карладаккхар.

                                    

                 Урок д1аяхьар.

Урокан болх д1ах1оттор.

ΙΙ.Хьехархочо текст йоьшу, ца кхеташ долу дешнаш уьн т1е д1аяздо.

ΙΙΙТекст  аларца д1аязъяр.

  Боккха аьтту хетара 1умхина ша зайндица цхьаьна нисвелла.Зайндица атта ду.Цунна шера оьрсийн мотт хаьа.Дика накъост а ву.Осал вац.Борз санна,майра ву.Дуккха а х1уманаш хууш ву:иллеш,дийцарш,хилларш.

Ткъа наггахь кадаьллачохь уьш дуьйцу цо 1умхина.Х1ара-м,г1амаро хи санна,Зайндин къамелан массо а дош д1ахудуш 1а,Ширчу иллеша,дайшца нисделчара ц1а а вуьгу х1ара.Хьалха х1уьтту лаьмнаш,юрт,юьртахой.Дайн кхерчан ойланаш еттало ойланех.

-Зайнди вацахьара-м ас х1ун дийр дара…-И ойланаш еш окопа чохь 1ачу 1умхина т1ех1утту Борис.

-Маршалла хьоьга,ламанан леча,-олий,кхунна улло охьалахло.Оьрсийн мотт ца хуучу 1умхина ца хаьа,Зайнди уллохь ца хилча,Борисо х1ун дуьйцу.

ΙV.Грамматически т1едиллар.

1.Хандешнашна буха сиз хьакха.

2.Шина предложенина бе синтаксически къастам.

Кхин цкъа а йоьшу тетрадаш схьалахьдо.

 

V.Ц1ахь бан болх.

1.Бакъонаш карлаяха.

 

Г1а урок.

Урокан ц1е:Г1алаташ т1ехь болх.

1алашо: Г1алаташ бакъонашца нисдар.               

                                    Урок д1аяхьар.

Урокан болх д1ах1оттор.

ΙΙ.Г1алаташ т1ехь болх. (Хьех.дош:Дика а, вон а бина белхаш.)

ΙΙΙ.Дешархошка шайга болх байтар.

1.Кхочушдо 283-г1а шардар.

2.Кхочушдо 281-г1а шардар.

.а)Хандешан хенашкара билгалзачу кепе даха хандешнаш хаттарш а х1иттош.

.б)Билгалзачу кепера карарчу хене х1иттаде хандешнаш.

.в)Цхьана дашна бе фонетически къастам.

ΙV.Бакъонаш карлайоху.

Хаттарш:

-Х1ун гойту хандашо?

-Муьлхачу хаттаршна жоп ло цо?

-Предложенехь муьлха меже хуьлий лела иза?Даладе масалш.

-Стенах олу билгалза кеп?

-Билгалзачу кепан х1ун хаттарш ду?

-Билгалзачу кепехь меран аз н маца яздо?

V.Дешархошка шайга болх байтар.

Х1ара предложенеш язйо дешархоша уьн т1ера схьа.

 

Со селхана школе вахара. Ас селхана школехь пхиъ даьккхира. Со хьехархочо хастийра. Нанас суна аьлбом ийцира. Со а,сан йиша а хьошалг1а дахара. Сан йишас дика доьшу. Йоза хаза леладо цо.

 

-Хандешнашна буха сиз хьакха,хаттарш х1иттаде.

VΙ.Жам1 дар.

Диктантехь яьхна оценкаш д1а а йохкуш, дика а, вон а бина белхаш билгалдоху.

 

 Оценкаш д1айохку.

VΙΙ.Ц1ахь бан болх.

1.Хандош карладаккха.

2.Кхочушде 283-г1а шардар.

 

Г1ий урокаш.

Урокан ц1е:Хандешан хенаш.Карара хан.

1алашо:. Хандешан хан билгалъяккха хаар.

             Билгалдаьхна хандешнаш карарчу хене х1итто 1амар.

        Хандешан коьрта кхо хан йовзийтар.

 

                            Урок д1аяхьар.

Ι.Урокан болх д1ах1оттор.

ΙΙ.1амийнарг карладаккхар.

 

1.Фронтальни хаттар:

-Муьлха къамелан дакъош девза шу?Дийца уьш.

-Х1инца вай 1амош долчу къамелан декъан ц1е х1ун ю?(хандош)

-Стенах олу хандош?

-Билгалза кеп стенах олу?

 

2.Дешнийн диктант.

Юьрта воьду,ган лаьа,деша воьду,дика яздо,сиха дуьйцу,ван мега,яздан деза,ала,вахара,вала веза.

-Х1ара дешнийн цхьаьнакхетаршна бе къастам.

-Коьрта а,дозуш а долу дешнаш хаттарш а х1иттош схьакъастаде.

ΙΙΙ.Керла коьчал йовзийтар.

1.Уьна а, тетрадаш т1е а д1аязйо кеп:

Хандешан хан Х1ун гойту,хаттарш масалш Чаккхенаш хуьлу.
1.Карара хан Х1уманан дар я хилар къамел дечу хенахь Кхочушхилар гойту.Х1ун до? Х1ун хуьлу? Охку,кхоьху,сихло, лоь,вов,лов,лиэ,хеза -у,-о,-оь,-ов,-а,-е.

-Муьлха хан ю кепахь гойтуш ерг?

-Х1ун гойту цо?Муьлхачу хаттаршна жоп ло?

-Масалш д1адеша,чаккхенаш билгалъяха.Муха ю уьш?

-Оцу кепа чу язде кхин а масалш.

       ΙV.1амийнарг т1еч1аг1дар.

1.Кхочушде 291-г1а шардар.

2.Кхочушдойту уьн т1ехь карарчу хенан хандешнашна буха сиз а хьокхуш.

3.Д1аязъе предложенеш,карарчу хенан хандешнийн чаккхенаш нийсаязъяран бакъонаш йийца.

Делкъенахьмангалхоша садо1у.И дов стенна т1ехула доладелира суна х1инца дицделла.Амма цхьа х1ума дагадог1у суна.

-Хьалхарчу предложенина бе синтаксически къастам.

V.Жам1 дар.

-Стенах олу хандош?

-Билгалза кеп стенах олу?

-Муха хуьлу хандешан карара хан?

 

Комментировать еш оценкаш д1айохку.

 

         VΙ.Ц1ахь бан болх.

1.1амае 45-г1а§.

2.Кхочушде 294-г1а шардар.

 

 

Г1ий урокаш.



Поделиться:


Последнее изменение этой страницы: 2020-11-23; просмотров: 1720; Нарушение авторского права страницы; Мы поможем в написании вашей работы!

infopedia.su Все материалы представленные на сайте исключительно с целью ознакомления читателями и не преследуют коммерческих целей или нарушение авторских прав. Обратная связь - 3.129.67.26 (0.01 с.)