Урокан ц1е:Ц1ерметдешнийн дуккхаллийн терахь.. 


Мы поможем в написании ваших работ!



ЗНАЕТЕ ЛИ ВЫ?

Урокан ц1е:Ц1ерметдешнийн дуккхаллийн терахь..



1алашо: Ц1ерметдешнийн дуккхаллийн терахь довзийтар.

             Уьш легор.

                                     Урок д1аяхьар.

Ι.Урокан болх д1ах1оттор.

ΙΙ.Ц1ахь бина болх таллар.

 

1.Кхочушдина шардар барта толлу,ц1ерметдешнаш билгалдоху.

2.Бакъо схьаюьйцу.

 

ΙΙΙ. Дешнийн диктант.

Со вахара,ваша вог1у,цо элира,иза,цуьнан йо1,вайн даьхни,церан даьхни,тхо,вай,вешан бахам,

оцу шарахь.

 

-Ц1ерметдешнаш билгалдаха, церан яххьаш а йийца.

ΙV.Керла коьчал йовзийтар.

 

Ц1ерметдешан цхьаллин а,дукхаллин терахь ду.Цхьаллин терахьна чу дог1у: со,хьо,и,иза.

Дукхаллин теранехь ду: тхо,шу,уьш,вай. Ц1ерметдешнаш дожаршца а хийцало: со,суна,соьца,сох,сол,сан и д1.кх.Ц1ерметдош цхьаллин а,дукхаллин терахьехь долу ц1ерметдешнаш къастадо,адам шиъ къамел деш хилча,дукха адамаш вовше къамел дарца.

  V.1амийнарг т1еч1аг1дар.

 

1.Дукхаллин терахьехь долчу ц1ерметдешнех предложенеш х1иттае.

2.Легаде тхо,уьш,вай,шу боху ц1ерметдешнаш.

-Чаккхенаш хуьлий ц1ерметдешнийн?

-Муха хийцаделла уьш?

3.Кхочушде 177-г1а шардар.

-Дукхаллин ц1ерметдешнаш буха сиз хьакха.

VΙ.Дозуш долу къамел кхиор.

Ц1ерметдешнаш юкъахь а долуш жима дийцар язде.

VΙ.Жам1 дар.

-Тахана вай урокан ц1е х1ун ю?

-Стенах олу ц1ерметдош?

-Маса тайпа ду ц1ерметдешан?

-Яххьийн ц1ерметдешнаш маса юьхь ю?

 

 

Комментировать еш оценкаш д1ах1иттайо.

VΙΙ.Ц1ахь бан болх.

1.бакъонаш карлаяха.

2.Кхочушде 182-г1а шардар.

 

Г1ий урокаш.

 

Урокан ц1е:Дерзоран ц1ерметдешнаш а,церан легар а.

1алашо: Муьлхачу ц1ерметдешнех олу дерзоран ц1ерметдешнаш,

                 Уьш муха кхоллало.

             

 

                              

                                        Урок д1аяхьар.

Ι.Урокан болх д1ах1оттор.

ΙΙ. Ц1ахь бина болх таллар.

1.Ц1ахь х1иттийна предложенеш уьн т1е д1а а язйойтуш,

дуккхаллин терахьехь долу ц1ерметдешнаш билгалдоху.

ΙΙΙ.Керла коьчал йовзийтар.

 

1.Д1айоьшу 187-чу шардар т1ера предложени.

-Аларан 1алашоне хьаьжжина, муьлха предложени ю иза?

-Билгалдаха ц1ерметдешнаш а, церан тайпанаш а.

-Дар я хилар цхьаьна юьхьа т1ехь соцуш хилар гойтуш дуй дерзоран ц1ерметдешнаш?

Айса, сайна боху ц1ерметдешнаш ц1ерниг дожарехь муха хуьлу? Цхьалхе я чолхе дуй уьш?

-Шолг1ачу предложени т1ера ц1ерметдешнаш цхьалхе я чолхе ду?Чолхенаш маса декъах лаьтта?

 Уьш муха яздо? Маь1на муха ду оцу ц1ерметдешнийн?Ц1ерниг дожарехь муха хуьлу уьш?

-Муьлхачу ц1ерметдешнех кхоллало дерзоран ц1ерметдешнаш?

-Муха яздо чолхе дерзоран ц1ерметдешнаш?

ΙV.1амийнарг т1еч1аг1дар.

 

1.Кхочушде 188-г1а шардар.

2.Кхочушде 192-г1а шардар.Синтаксически къастам бе 7-чу предложенина.Билгалдаха ц1ерметдешнийн тайпанаш а,дожарш а.Дийца,муха яздина чолхе дерзоран ц1ерметдешнаш.

3.Легаде хьо,иза,шу-шаьш боху ц1ерметдешнаш.

V.Дозуш долу къамел кхиор.

 

1.196-чу шардар кхочушде т1едиллар хьаьжжина, жима дийцар яздан кечам бе.

2.Цхьаьна кехат т1е д1аязде жима дийцар. Ц1ерметдешнаш билгалдаха.

VΙ.Жам1 дар.

 

-Муха кхоллало дерзоран ц1ерметдешнаш?

-Шайн х1оттаме хьаьжжина муха хуьлу уьш?

-Церан легоран кепаш хийцалой?Уьш йийца.

 

Комментировать еш оценкаш д1ах1иттайо.

VΙΙ.Ц1ахь бан болх.

 

1.1амае 28-29 г1и駧.

2.Кхочушде 194-г1а шардар.

 

 

Г1ий урокаш.

Урокан ц1е:Чолхе-дерзоран ц1ерметдешнаша.

1алашо: Муьлхачу ц1ерметдешнех олу чолхе-дерзоран ц1ерметдешнаш,

                 Уьш нисаяздаран бакъонаш.

         

 

                              

                                        Урок д1аяхьар.

Ι.Урокан болх д1ах1оттор.

ΙΙ. Ц1ахь бина болх таллар.

1.Ц1ахь х1иттийна предложенеш уьн т1е д1а а язйойтуш дуккхаллин терахьехь долу ц1ерметдешнаш билгалдолу.

ΙΙΙ.1амийнарг карладаккхар.

1.Фронтальный хаттарш.

-Стенах олу ц1ердош?

-Билгалдош стенах олу?

-Терахьдашо х1ун гойту?

-Ц1ерметдош стенах олу?

-Маса тайпа ду ц1ерметдешан?

2.Къолам,со,пхиъ,ваьш,иза,ваша,дада,ц1енош, мох,можа,цхьайтталг1а,сийна,тхойшиъ,суна,айса.

-Къамелан дакъош билгалдаха.

-Ц1ерметдешнаш тайпанашка нисде.

ΙV.Керла коьчал йовзийтар.

Дерзоран ц1ерметдешнаш цхьалхе а,чолхе а хуьлу.Чолхе дерзоран ц1ерметдешнаш юккъехь дефис а йолуш яздо.Масала:со-суо,и-ша,вай-ваьш.Ши тайпа ду вовшен кхеташ яххьийн а,дерзоран а.Уьш дожаршца хийцало.Хуьйцучу хенан ший дакъа а хийцало.

V.1амийнарг т1еч1аг1дар.

1.Кхочушде 189-г1а шардар.

-Чолхе-дерзоран ц1ерметдешнаш билгалдаха.

2.Легаде со-иза,и-ша,хьо-хьуо боху ц1ерметдешнаш.

Ц1.со-суо

Дл.сан-сйан

Л.суна-сайна

Др.ас-айса

К.соьца-сайца

Х.сох-сайх

М.соьга-сайга.

Дс.сол-сайл

3.Кхочушде 191-г1а шардар.

VΙ.Жам1 дар.

-Маса тайпа ду ц1ерметдешнаш?

-Дерзоран ц1ерметдешнаш чолхе а,цхьалхе а хуьлий?

VΙΙ.Ц1ахь бан болх.

1.1амае 30-г1а§

2.Кхочушде 194-г1а шардар.

Г1ий урокаш.



Поделиться:


Последнее изменение этой страницы: 2020-11-23; просмотров: 629; Нарушение авторского права страницы; Мы поможем в написании вашей работы!

infopedia.su Все материалы представленные на сайте исключительно с целью ознакомления читателями и не преследуют коммерческих целей или нарушение авторских прав. Обратная связь - 18.222.67.251 (0.011 с.)