Урокан ц1е:Къастаман ц1ерметдешнаш а, церан легар а. 


Мы поможем в написании ваших работ!



ЗНАЕТЕ ЛИ ВЫ?

Урокан ц1е:Къастаман ц1ерметдешнаш а, церан легар а.



1алашо: Муьлхачарех ц1ерметдешнех олу гайтаран ц1ерметдешнаш,

.             Гайтаран ц1ерметдешнаш легадаран кепаш йовзийтар,

                    дожарийн чаккхенаш билгалъяха 1амор.                

 

                              

                                        Урок д1аяхьар.

Ι.Урокан болх д1ах1оттор.

ΙΙ. Язйинчу изложенех хьехархочун дош.

Оценкаш д1ах1иттайо.

ΙΙΙ.1амийнарг карладаккхар.

1. Дешнийн диктант.

Ахь-айхьа,со-со,тхо-тхаьш,и-а,х1ара,вай, тхо,оццул, милла а,уьзаш,сайниг,сан-сайниг,шуьниг,хьоьца,соьца,и.

-Тайпанаш схьа а къастош, билгал а дохуш ц1ерметдешнаш.

2. Со-со,тхо,сайниг боху дешнаш легадо,чаккхенаш схьакъастайо.

 

ΙV.Керла коьчал йовзийтар.

 

Къастаман ц1ерметдешнаш а церан легор а.

Мухха а цхьана билгалонца х1уманан къастам беш я кхечцуьнца юстуш хилар гойтучу ц1ерметдешан къастаман ц1ерметдешнаш олу.Масала: оццул,х1оккхул,иштта, кхиверг,кхиерг,кхиберш,изза х1арра муьлхха а,милла а.

Уьш терахьшца а,дожаршца а ц1ердешнаш санна хийцало.

Цхьал. терахь.             Дук.терахь.

Ц1. Иштта,ишттанаш

Дл.ишттачун,ишттачеран

Л.ишттачунна,ишттачарна

Др.ишттачо,ишттачара

К.ишттачуьнца,ишттачаьрца

Х.ишттачух,ишттачарах

М.ишттачуьнга,ишттачаьрга

Дс.ишттачо,ишттачарел

V.1амийнарг т1еч1аг1дар.

1.Кхочушде 222-г1а шардар.

2.224-г1а шардар т1ера схьаязде къастаман ц1ерметдешнаш.

3. Кхиверг,изза ц1ерметдешнаш легаде.

VΙ.Жам1 дар.

-Муьлха тема ю вай тахана 1амийнарг?

-Дожаршкахь, терахьшкахь хийцалой къастаман ц1ерметдешнаш?

Оценкаш д1айохку.

 

VΙΙ.Ц1ахь бан болх.

1.1амае 34-г1а§

2.Кхочушде 226-г1а шардар.

 

 

Г1ий урокаш.

Урокан ц1е:Къастамза ц1ерметдешнаш а, церан легар а.

1алашо: Муьлхачарех ц1ерметдешнех олу къастамза ц1ерметдешнаш,

.             къастамза ц1ерметдешнаш легадаран кепаш йовзийтар,

                    дожарийн чаккхенаш билгалъяха 1амор.                

 

                              

                                        Урок д1аяхьар.

Ι.Урокан болх д1ах1оттор.

ΙΙ.Ц1ахь бина болх таллар.

1.Шардар толлу ц1ахь кхочушдина.

2.1амийна бакъо схьаюьйцуьйту.

ΙΙΙ.1амийнарг карладаккхар.

1.Цхьана дийнахь со хьуьнах вахара.Цигахь суна гира хьуьнана акхарой.Уьш ижу лаха араевллера. Цхьаерш тебна 1ара,вуьйш каде хьийдара.Акхарой шайн к1орниш юзо г1ерташ,царна т1аьхьа а евлла лелара.!а д1а а даьлла массо а экха меца дара.

-Ц1ердешнийн тайпанаш барта билгалдаха.

-Къастаман ц1ерметдешнаш дуй текста т1ехь?

ΙV.Керла коьчал йовзийтар.

Шех лаьцна дуьйцуш долу адам я кхийолу х1ума къастош билгал ца йоккхучу ц1ерметдешнех къастамза ц1ерметдешнаш олу.

 Масала:Лахахь,цу хийистехь ,масех машен лаьттара.

 

                                              Легаде ц1ерметдешнаш.

   Лаамаза кеп            лааме кеп

Ц1.цхьаволу стаг,цхьаверг

Дл.цхьаволчу стеган,цхьаболчеран

Л. цхьаволчу стагана, цхьаболчарна

Др. цхьаволчу стага, цхьаболчара

К. цхьаволчу стагаца, цхьаболчарца

Х. цхьаволчу стагах, цхьаболчарех

М. цхьаволчу стаге, цхьаболчаьрга

Дс. цхьаволчу стагал, цхьаболчарел

V.1амийнарг т1еч1аг1дар.

1.Кхочушде 227-г1а шардар легадо хьенех боху ц1ерметдош.

2.Кхочушдо 228-г1а шардар къастамза ц1ерметдешнаш билгалдоху.

VΙ.Жам1 дар.

-Муьлха тема ю вай тахана 1амийнарг?

-Дожаршкахь, терахьшкахь хийцалой къастамза ц1ерметдешнаш?

Оценкаш д1айохку.

 

VΙΙ.Ц1ахь бан болх.

1.1амае 35-г1а§

2.Кхочушде 230-г1а шардар.

 

Г1ий урокаш.

Урокан ц1е:Дацаран ц1ерметдешнаш а, церан легар а.

1алашо: Муьлхачарех ц1ерметдешнех олу къастамза ц1ерметдешнаш,

              къастамза ц1ерметдешнаш легадаран кепаш йовзийтар,

                    дожарийн чаккхенаш билгалъяха 1амор.                

 

                              

                                        Урок д1аяхьар.

Ι.Урокан болх д1ах1оттор.

ΙΙ.Ц1ахь бина болх таллар.

1.Шардар-230 толлу ц1ахь кхочушдина.

2.1амийна бакъо схьаюьйцуьйту.

ΙΙΙ.1амийнарг карладаккхар.

1.1амийнарг карладоккхуш кхочушдо 228-г1а шардар.

2. Хьенех,минех,цхьаверг ц1ерметдешнаш къастамза легаран т1едуьллу дешархошна.

ΙV.Керла коьчал йовзийтар.

1.Дацаран ц1ерметдешнаш х1ума я адам ца хилар гойту.Уьш дукха дац.Цхьа а(цхьаъа а,аддам а,х1умма а.) Уьш дукхаллин терахьехь ц алела.Дацаран ц1ерметдешнаш лааме а,лаамаза а хуьлу.

  Лаамаза кеп

Ц1.цхьа а к1ант

Дл.цхьана а к1ентан

Л. цхьана а к1антана

Др. цхьана а к1анта

К. цхьана а к1антаца

Х. цхьана а к1антах

М. цхьана а к1анте

Дс. цхьана а к1антал

 

 

V.1амийнарг т1еч1аг1дар.

1.Кхочушде 232-г1а шардар

2.Легадо уьн т1ехь дацаран ц1ерметдешнаш х1умма а,аддам а,цхьа а нана.

VΙ.Жам1 дар.

-Муьлха тема ю вай тахана 1амийнарг?

-Дацаран ц1ерметдешнаш муьлхарш ду?

-Лаамаза а,лааме а хуьлий ц1ерметдешнаш?

-Дожаршца легалой дацаран ц1ерметдешнаш?

 

Оценкаш д1айохку.

 

VΙΙ.Ц1ахь бан болх.

1.1амае 36-г1а§

2.Кхочушде 234-г1а шардар.

 

 

Г1ий урокаш.



Поделиться:


Последнее изменение этой страницы: 2020-11-23; просмотров: 406; Нарушение авторского права страницы; Мы поможем в написании вашей работы!

infopedia.su Все материалы представленные на сайте исключительно с целью ознакомления читателями и не преследуют коммерческих целей или нарушение авторских прав. Обратная связь - 3.133.137.17 (0.012 с.)