Мы поможем в написании ваших работ!



ЗНАЕТЕ ЛИ ВЫ?

Урокан ц1е:Терахьдешнийн кхолладалар,церан легор.

Поиск

1алашо: Хаа деза,муха кхоллало терахьдешнийн тайпанаш,

         Дожарийн чаккхенаш муха хуьлу церан.

                                            

                              Урок д1аяхьар.

Ι.Урокан болх д1ах1оттор.

 

ΙΙ.Ц1ахь бина болх таллар.

1.Уьн т1ехь шина дешархочо легадо ц1ахь кхочушдинчу 138-г1а шардар т1ера терахьдешнаш а, билгалдешнаш а.Кхечу бераша шайн г1алаташ нисдо.

2.Бакъо схьаюьйцу дешархоша.

ΙΙΙ.Керла коьчал йовзийтар.

 

1.Фронтальни хаттарш:

-Стенах олу терахьдош?

-Муьлха тайпанаш 1амийна вай терахьдешан?

-Маса кеп ю терахьдешан?

-Стенах олу декъаран а, дакъойн а терахьдешнаш?

-Стенах олу билгал-масаллин а,гулдаран а терахьдешнаш?

2.Легаде х1ара терахьдешнаш: ворх1-ворх1,кхоккха;диъ-пхоьалг1а;ворх1е а, кхо-диъ.

Дийца, уьш муьлха тайпана чу дог1у.

-Билгалъяха терахьдешнийн чаккхенаш.

ΙV.1амийнарг т1еч1аг1дар.

1 Кхочушде 140-139-г1ий шардарш.

2.Легаде лаамаза а, лааме а терахьдешнаш.

ΙΙΙ.Дешархошка шайга болх байтар.

 

1.Шина дешархочунга цхьа терахьдош легадойту.

Хьалха а ваьлла нийса йинчунна «5».

ΙV.Жам1 дар.

Дика а, вон а урокахь болх бина бераш билгалдоху.

Комментировать еш оценкаш д1ах1иттайо.

 

VΙ.Ц1ахь бан болх.

1.1амае 23-г1а §.

2.Кхочушде 136-137г1ий шардарш.

 

Г1ий урокаш.

Урокан ц1е: Терахьдешнийн нийсаяздар.

1алашо: Хаа деза, масаллин терахьдешнаш.

          Масаллин терахьдешнаш рог1аллийнчаьрга доьрзуш,церан орамера мукъа аьзнаш

          хийцалой хаар.Хаа деза, дефисца яздеш дерш муьлха терахьдешнаш ду.

              

                                              Урок д1аяхьар.

Ι.Урокан болх д1ах1оттор.

 

ΙΙ.Ц1ахь бина болх таллар.

1.Шина дешархочуьнга легадойту ц1ахь кхочушдинчу шардар т1ера терахьдешнаш.Берашка г1алаташ нисдойту.

2.24-г1а § т1ера хаттаршна жоьпаш ло дешархоша.

ΙΙΙ.Дешнийн диктант.

Ворх1е а бер,ши-кхо к1ант,ворх1 б1е,диъ-диъ сом,ворх1алг1а де,уьссалг1аниг,ялх ц1а, дезткъа, ши эзар,цхьа-ши де,диъ-пхоьалг1аниг,пхийтте а,ялх-ворх1алг1а, исс-исс,шиъ-доьалг1а.

ΙV.Керла коьчал йовзийтар.

1.Дешнашца д1аязде 40,60,80,100,1000,19 боху масаллин терахьдешнаш.

2.Хьехархочо хьалхе кечйина х1ара кеп:Масаллин терахьдешнаш рог1аллинчаьрга доьрзуш,церан орамера аьзнаш(элпаш) хийцало кхузахь ма-гайттара:

а/я/о ткъа-ткъолг1а-ткъолг1аниг

а/о б1е-б1олг1а-б1олг1аниг

и/уь исс-уьссалг1а-уьссалг1аниг

ий/уьй шиъ-шолг1а- шолг1аниг

и/оь диъ- доьалг1а-доьалг1аниг

е/оь дезткъа-доьзткъа-доьзткъалг1аниг.

 Оцу кепа тера терахьдешнийн орамера аьзнаш хийцадалар дагахь 1амо деза.

3.Чолхе декъаран терахьдешнаш а,чолхе билгалза масаллин терахьдешнаш а дефисца яздийр дарий аш?

-Исс-исс 1аж,диъ-диъ кор боху чолхе декъаран терахьдешнаш легаде.

- Цхьа-ши стаг,пхи-ялх юрт боху дешнийн цхьаьнакхетарш юкъа а далош,предложенеш х1иттае.

-Д1аязде терахьдешнаш 11-19 т1екхаччалц.

V.1амийнарг т1еч1аг1дар.

1.Кхочушде 151-г1а шардар.

2.Легаде терахьдешнаш,чаккхенаш билгалъяха:пхийтта,йоьалг1а класс,пхоьалг1а ц1а.

3.Д1аязде терахьдешнаш дешнашца:17,18,16,19,22,21,30,1,4,8,28,20,40,13,11,10,60,90.

VΙ.Жам1 дар.

-Муха  яздо 11-15 т1е кхаччалц терахьдешнаш?

-Маса тайпа 1амийна вай?

 

Комментировать еш оценкаш д1ах1иттайо.

 

VΙΙ.Ц1ахь бан болх.

1.1амае 24-г1а §.

2.Кхочушде 150-151г1ий шардарш.

 

 

Урок.

Урокан ц1е: Талламан диктант.

1алашо: Терахьдош карладаккхар,т1еч1аг1дар.

         Дешархойн хаарш таллар.

                               

                     Урок д1аяхьар.

Ι.Урокан болх д1ах1оттор.

ΙΙ.Текст ешар.

  Эзар исс б1е пхоьалг1ачу шеран 1аьнан шийлачу буса Яьсс-хи йистерчу жимчу юьрта чувуьйлура

цхьа некъахо.Сан кхузткъе кхойтта ш оду.Сан дейтта шо кхаьчча, кара герз а эцна,шун харцо, аш дохьу 1азап т1е ца лаца г1ертош,ялхитта шарахь т1ом бина ас.

Цхьана шарахь турцехь1ожаллица къийсина, ткъе берх1итта шо Сибрехь даьккхина.Нохчийн г1араваьлла яздархо Мамакаев Мохьмад вина эзар исс б1е уьтталг1ачу шарахь.Айдамиров Абузара язйина «Еха буьйсанаш» ц1е йолу башха книга араелира эзар исс б1е кхузткъе шийтталг1ачу шарахь.

Разжаб бусулба динехь шеран ворх1алг1а бутт бу. Оцу баттахьлоцу кхаа беттан марханаш.Бусулба динехь шеран шийтталг1а бутт бу,Зуль Хьидна, г1урбанан бутт.Оцу беттан уьссалг1ачуй,уьтталг1ачуй деношкахь марха кхабар ч1ог1а мелехь ду.

ΙΙΙ.Грамматически т1едиллар:

-Текст юкъахь долчу терахьдешнашна буха сиз хьакха..

-Легаде шийтта боху терахьдош.

ΙV.Тетрадаш схьалехьадо.

V.Ц1ахь бан болх.

Терахьдош карладаккха.

 

Г1а урок.

Урокан ц1е:Г1алаташ т1ехь болх.

1алашо:Дешархоша г1алаташ т1ехь болх бар.

                                         

                                               Урок д1аяхьар.

Урокан кечам бар.

ΙΙ.Хьехархочун болх д1аболало язбина белхаш дийцарца.Дика а,вон а язйина диктанташ,муьлха бакъо ледара хаьа дешархошна.Цу бакъонашца долу дешнашца болх бо.

ΙΙΙ.Дешархошка болх байтар

1.Кхочушдо 15-г1а шардар.

Терахьдешнашна буха сизхьакха.

-Легаде 14 терахьдош.

ΙV.1амийна бакъонаш карлайоху хаттарш а х1итташ.

-Терахьдешнаш стенах олу?

-Терахьдешнаш маса тайпа ду? Муьлхарш?

-Терахьдешан маса кеп ю?Муьлхарш?

-Терахьдешнаш дожаршца хийцалой?

-Классан гайтамца хийцалуш дерг муьлха терахьдош ду?

-Стенах олу декъаран а, дакъойн а терахьдешнаш?

-Стенах олу билгал-масаллин а,гулдаран а терахьдешнаш?

V.Жам1 дар.

Оценкаш д1айохку вон а, дика а бина белхаш комментировать бо.

VΙ.Ц1ахь бан болх.

1.Бакъонаш карлайоху.

2.Шардар 154-г1а кхочуш до.

 

 

Г1а урок.

 



Поделиться:


Последнее изменение этой страницы: 2020-11-23; просмотров: 890; Нарушение авторского права страницы; Мы поможем в написании вашей работы!

infopedia.su Все материалы представленные на сайте исключительно с целью ознакомления читателями и не преследуют коммерческих целей или нарушение авторских прав. Обратная связь - 3.12.163.120 (0.006 с.)