Мы поможем в написании ваших работ!



ЗНАЕТЕ ЛИ ВЫ?

Урокан ц1е:Масаллин терахьдешнийн легар а,церан нийсаяздар а.

Поиск

1алашо:Хаа еза масаллин терахьдешнаш легаран бакъонаш.

           Масаллин терахьдешнаш нийсаяздан 1амор.

                               Урок д1аяхьар.

Ι.Урокан болх д1ах1оттор.

ΙΙ.Ц1ахь бина болх таллар.

1. Дешархоша,вовшкара схьа а оьцуш,ц1ахь бина болх толлу.Уьн т1е д1аязбо ц1ахь кхочушбина фонетически къастам.

2.Бакъонца цхьана ца дог1у дош д1адаккха;

1)ялх,б1е,дейтта,шовзткъе а;

2)шишша,барх1-барх1,ши-кхо;

3)шолг1а,пхийтта,пхоьалг1а;

4)пхеа а,итте а, кхо-виъ,ялхе а;

5)ялх-ворх1,пхийтта,кхо-диъ.

ΙΙΙ.Керла коьчал йовзийтар.

1.Уьн т1ехь а, тетрадаш т1ехь а легадо кхарех масийтта масаллин терахьдешнаш юкъахь долу дешнийн цхьаьнакхетарх :цхьа сахьт,ши стаг,кхо дитт,диъ ведар,везткъа лор,ткъа синтар,ткъе исс,цхьаъ,шиъ,ткъа,барх1.

1)-Муьлха ду царех лаамазниш, лаамениш?Х1унда?

 

Дож. лаамаза лааме
Ц1. Цхьа сахьт цхьаъ
Дл. Цхьана сахьтан цхьаннан
Л. Цхьана сахьтана цхьанна
Др. Цхьана сахьто цхьамма(ммо)
К. Цхьана сахьтаца цхьаьнца
Х. Цхьана сахьтах цхьаннах
М. Цхьана сахьте цхьаьнга
Дс. Цхьана сахьтал цхьаннал

 

-Муха яздо лааме масаллин терахьдош 1? (цхьа бохучу орамна т1е туху йиш хадоран хьаьрк- ъ -цхьаъ).

-Муьлха орам хуьлу оцу терахьдешан(лаамазначун а,лаамечун а)легочу хенахь?билгалдаккха иза.Муха легадо уьш?

-Муьлха гергара дешнаш кхоллало и орам болуш?(ц1ердош- цхьалхо,билгалдош- цхьалха, терахьдош- цхьацца).

2)

Ц1. Ши стаг Кхо дитт
Дл. Шина стеган Кхаа диттан
Л. Шина стагана Кхаа диттана
Др. Шина стага Кхаа дитто
К. Шина стагаца Кхаа диттаца
Х. Шина стагах Кхаа диттах
М. Шина стаге Кхаа дитте
Дс. Шина стагал Кхаа диттал

 

 

-Муха хийцало дожаршца кхо дитт бохучу дешнийн цхьаьнакхетарна т1ера терахьдош?муьлха орам бу цунна?

 

3)

Ц1. Диъ ведар везткъа лор Безткъа
Дл. Деа ведаран везткъа лоьран Безткъанан
Л. Деа ведарна везткъа лоьрана Безткъана
Др. Деа ведаро везткъа лоьро Безткъаммо
К. Деа ведарца везткъа лоьраца Безткъанца
Х. Деа ведарах везткъа лоьрах Безткъаннах
М. Деа ведаре везткъа лоьре Безткъане
Дс. Деа ведарал везткъа лоьрал Безткъанал

 

-Муха легадо диъ а,деаннах а схьадевлла терахьдешнаш?Классашца хийцалой уьш?

4)

Ц1. Ткъа синтар ткъа Барх1
Дл. Ткъа синтаран ткъаннан Барх1анан
Л. Ткъа синтарна ткъанна Барх1анна
Др. Ткъа синтаро ткъамма Барх1аммо
К. Ткъа синтарца ткъанца Барх1анца
Х. Ткъа синтарх ткъаннах Барх1аннах
М. Ткъа синтаре ткъанга Барх1анне
Дс. Ткъа синтарал ткъаннал Барх1аннал

-Муха легадо лаамаза масаллин ткъа синтар, лааме ткъа, барх1 боху терахьдешнаш?Билгалъяха церан чаккхенаш.

ΙΙΙ.Гайтаран диктант.

Шовзткъа,кхузткъа,дезткъа,б1е,эзар,ткъайоьсна.

Цхьаъ,шиъ,кхоъ,диъ,пхиъ.

Ялх,ворх1,барх1,исс,итт.

Цхьайтта,шийтта,кхойтта,дейтта,пхийтта,ялхитта,вуьрх1итта,берх1итта.

ΙV.1амийнарг т1еч1аг1дар.

Кхочушде 104-г1а шардар.

VΙΙ.Ц1ахь бан болх.

1.1амае 14-г1а§,терахьдешнийн тайпанаш а.

2.Кхочушде 103104-г1а шардарш.

 

Г1а урок.

Урокан ц1е:Декъаран терахьдешнаш.

1алашо: Муьлхачух олу декъаран терахьдош,

                цо х1ун гойту хаар.

                               Урок д1аяхьар.

Ι.Урокан болх д1ах1оттор.

ΙΙ.Ц1ахь бина болх таллар.

 

1)Барта ц1ахь бина болх толлу.

2)Бакъонаш схьаюьйцуьйту.

ΙΙΙ.Дешнийн диктант.

 

Барх1,исс,ткъа,цхьаъ,пхийтта,ялх,шийтта,кхоъ,шовзткъа,кхуткъа,вуьрх1итта,дезткъа,

дейтта,ткъе итт,ткъе шийтта,берх1итта,ткъайоьсна.

ΙV.Керла коьчал йовзийтар.

1.Еша 15-г1а§.

 

-Муха маь1на ду декъаран терахьдешнаш?

-Муьлхачу хаттаршна жоп ло цара?

-Муьлхачу терахьдешнех олу декъаран терахьдешнаш?

V.1амийнарг т1еч1аг1дар.

 

1.Кхочушде 106-г1а шардар.

2.Легаде пхиъ,цхьайтта боху терахьдешнаш.Чаккхенаш билгалъяха

3.Кхочушде 107-г1а шардар.

4.Легаде цхьаьнакхетарш терахьдешнийн: цхьа сахьт,цхьаъ,ши стаг, диъ ведар,ткъа синтар.

VΙ.Жам1 дар.

 

1.Хаттарш ло коьчалх.

-Терахьдош стенах олу?

-Терахьдешнийн маса тайпа ду?

-Лаамаза а, лааме а хуьлий терахьдешнаш?

 

2.Вон а, дика а дина белхаш комментировать дар, оценкаш яхкар.

VΙΙ.Ц1ахь бан болх.

 

1.1амае 15-г1а §

2.Кхочушде 107-108г1а шардарш.

 

Г1а урок.



Поделиться:


Последнее изменение этой страницы: 2020-11-23; просмотров: 973; Нарушение авторского права страницы; Мы поможем в написании вашей работы!

infopedia.su Все материалы представленные на сайте исключительно с целью ознакомления читателями и не преследуют коммерческих целей или нарушение авторских прав. Обратная связь - 3.14.134.195 (0.006 с.)