Къадари тIерекъат Нохчийчохь, ткъа иштта ерриге а Къилбаседа Кавказехь а дуьххьара юкъадаьккхинарг Иласхан-Юьртара Кишин воIКунта-Хьаьжа ву. 


Мы поможем в написании ваших работ!



ЗНАЕТЕ ЛИ ВЫ?

Къадари тIерекъат Нохчийчохь, ткъа иштта ерриге а Къилбаседа Кавказехь а дуьххьара юкъадаьккхинарг Иласхан-Юьртара Кишин воIКунта-Хьаьжа ву.



 

24.Дийца ийманан маь1нех лаций. Ийман -Иза адаман хьекъалехь, дагчохь АллахI цхьаъ хиларх а, Мухьаммад АллахIан Элча – Делера салам-маршалла хуьлда цунна – хиларх а тешар чIагIделла, дуьнене хьежам хилла дIахIоттар ду. Цул тIаьхьа стеган дерриге а дахар Дела реза варна а, шена ялсамани яккхарна а тIехьажийна хила деза, Дала де бохург дан а деш, ма де бохург дита а дуьтуш.

Стеган синъоьздангалла, лаккхарчу тIегIане йолуш, кхуьу, цуьнан ийман чIагIдаларца цхьаьна. Ткъа ийманан ялх бIогIам бу:

1. АллахIах тешар. Иза волуш хиларх а, Шена гIуллакх дан а, Шега кхайкха а хьакъ долуш хиларх а, массо хIуманна тIехь куьйгалла деш Иза ша цхьаъ хиларх а тешар.

2. Делан маликех тешар (серлонах Дала кхоьллина, Цунна гIуллакх дийраш).

3. Делан жайнех тешар (Товрат, Инжил, Забур, Къуръан – дезчу жайнех уггаре а дезаниг).

4. Делан элчанех тешар (царах тIаьххьарниг – Мухьаммад, Делера салам-маршалла хуьлда цунна, пайхамарийн мухIар).

5. Къематдийнах тешар (Хьесапан де. Цу дийнахь адамашна тIехь, церан гIуллакхашка хьаьжжина, кхиэл йийр ю, хIоранна а цунна хьакъдолу совгIат я таIзар а деш).

6. Дерриге хIума – вуон а, дика а – Делан пурбанца хиларх тешар. Далла хастам а беш, тIеэца деза хила доьгIнарг: иза – вуон делахь а, дика делахь а, хьуна товш делахь а, дацахь а, – АллахIа яздина ду.

Массо а бусалба стаг тешна хила веза вуон а, дика а АллахIера, Цунна хууш а, Цуьнан лаамца а хиларх.

25.Синц1еналлин лакхене муха кхача веза бусулба стаг. Шена тIеIитталучу зерех Дала ма-бохху, Къуръано а, Элчанан – Делера салам-маршалла хуьлда цунна – хьадисаша а ма-хьоьхху чекхвала гIертарца кхочу стаг синцIеналле. Оцу лакхене боьдучу некъан масех тIегIа ду. Царах уггаре а хьалхарниг боккъал а Делах тешар – ийман ду. Иза адаман хьекъалехь, дагчохь АллахI цхьаъ хиларх а, Мухьаммад АллахIан Элча – Делера салам-маршалла хуьлда цунна – хиларх а тешар чIагIделла, дуьнене хьежам хилла дIахIоттар ду. СинцIеналле стаг вуьгучу некъан шолгIа тIегIа ду муьтIахьалла. Шен дахаран дерриге а гIуллакхаш тIехь шен лаамехь, маьрша хилар дита а дуьтий, стаг АллахIна муьтIахь хиларе волу. СинцIеналле боьдучу некъан кхоалгIа тIегIа ду Делах кхерар. Иза Дала шена тIедехкина декхарш муха кхочушдина а, ша мел аьллачу дашах а, мел динчу гIуллакхах а Дала шега хоттург хиларх стаг доггах тешар ду. Стеган синцIеналле боьдучу некъан лаккхара тIегIа ихьсан ду. Иза стага шен массо а гIуллакх даггара кхочушдар ду, Далла ша гуш вуйла а хууш. Цуьнан маьIна ду адаман лаамаш а, сатийсамаш а Делан лаамца богIуш хила беза бохург. Стаг АллахIна дезарг дезаш а, АллахIна цадезарг ца дезаш а хила веза.

26.Муха хилла нохчийчохь баьхначу устазийн оьздангаллийн сурт-сибат.Уггар хьалха билгалдаккха деза Нохчийчохь баьхначу устазийн дерриге а дахар кхечу нахана масал хилла хилар. Дуьненан хIуманах Iехабалар доцуш, шайн догIмийн лаамийн гуо гатбина, боккху ког, туху куьг, олу дош, доьIу са Дала бохучуьнца нисдина бехаш нах хилла уьш… Цундела хилла царна тIаьхьа хIиттина мурдаш, цаьрца тобанаш а деш, царах шайна оьздангаллин хехой а беш.

Шайн Делаца йолу зIе чIагIъеш, дегIан лаамаш гIелбан халбата (Iаьрбийн маттахь «халват») ховшуш хилла уьш – цхьана тоьли чу а хуий, къуьданан серлонехь Къуръан, жайнаш доьшуш, юучу хIуманах а, хих а ца валлал биэн пайда а ца оьцуш, Далла Iамал еш хан яккхар ду иза. Иштта шен дегIан лаамаш а, Делан некъах шен ойла йохо гIерта шайтIа а къардеш, хилла цхьаболчуIеламнаха. Амма и хан дIаяларх а чекхдолуш ца хилла церан халбаталла. Иза цаьрца гуттар а хилла: сов бахам ца гулбеш, сов рицкъанах пайда ца оьцуш, сов дош ца олуш, хьажо ца безачу бIаьрг ца хьажош, хаза ца дезачунна шайн лерг къардина – шайн сица гуттар а халбатахь хилла уьш.

Шайн синкхачин ойла яр дукха долуш, дегIан кхачанах ца бевлла бен пайда ца эцна цара. Иштта, Девкар-Эвлара Докка-шайх, юучу хIуманах пайдаэцар кIезиг хиларна, корта хьалаайбина ца латталуш, вортан тIе зоьпар тоьхна хилла боху. Хьарам-хьанал чIогIа къастош хилла устазаша. Иштта, Кунта-Хьаьжех лаьцна дуьйцу, цо шена гIо дан баьхкинчу мурдаша асар дина хьаьжкIаш билгал а йина, шена царах пайда ца оьцуш, сагIийна дIаелла бохуш. Ша къахьегна даьккхинчу рицкъех бен пайда оьцуш ца хилла Хьаьжас. Шайна тIаьхьа базабелла мурдаш Далла Iамал ян Iамийна ца Iаш, Iер-дахарна а, хьанал къахьегарна а Iамош хилла устазаша. Шаьш кIорггераIилма долушIеламнах хиларе терра, оцу эвлаяийн гIуллакхаш а, хьехамаш а Делан дашца – Къуръанций, Элчанан – Делера салам-маршалла хуьлда цунна – Сунниций нийса догIуш а, церан буха тIехь а хилла.

27.Маса б1огам бу бусулба динан. Дуьненчохь мел долчу къаьмнийн гIиллакхех дика дерг, адаман сина а, дегIана а пайде дерг чулоцуш, оьздангаллин уггаре а лекха лакхе ислам ду, Делера лаьтта доьссина бакъ дин ша хиларе терра. Делан Элчас – Делера салам-маршалла хуьлда цунна – аьлла: ислам пхеа бIогIам тIехь лаьтташ ду:

1. Тоьшалла дар: «Ас тоьшалла до АллахI воцург кхин Дела цахиларна, Мухьаммад АллахIа ваийтина пайхамар хиларна а».

(Боккъал а шена Iамал ян хьакъверг цхьа АллахI ву; Мухьаммад-пайхамара АллахIан цIарах дийцинчух шек хила йиш а яц).

2. Ламаз дар. Ламаз дечу хенахь массо а цунна бан беза кечам бина хила веза, ша стаг синтеме а, ойла Далла тIеерзийна а хила веза.

3. Закат далар. Бусалба стага закат ло и дала хьакъ долчу даьхни тIера шарахь цкъа. Цуьнан барам: 85 грамм дешина я оццу меха даьхнина тIера – 2,5 процент.

4. Рамазанан баттахь марха кхабар. Малх схьакхетча, и чубуззалц хIума ца юууш, ца молуш, я кхечу тайпана кийра кхача ца кхачош Iар.

5. Макка ХьаьжицIа вахар, нагахь цига ваха ницкъ кхачахь.



Поделиться:


Последнее изменение этой страницы: 2017-02-22; просмотров: 620; Нарушение авторского права страницы; Мы поможем в написании вашей работы!

infopedia.su Все материалы представленные на сайте исключительно с целью ознакомления читателями и не преследуют коммерческих целей или нарушение авторских прав. Обратная связь - 18.219.112.111 (0.006 с.)