Х1ун башхалла ю «адамалла» «нохчалла» бохучу кхетамийн. 


Мы поможем в написании ваших работ!



ЗНАЕТЕ ЛИ ВЫ?

Х1ун башхалла ю «адамалла» «нохчалла» бохучу кхетамийн.



7.Х1ун меттиг д1а лоцу нохчийн кхетамехь «Нийсо»бохучу синмехалло. Вайн къоман дахаран коьртачарах цхьа лехам нийсо хилла. Харцлуьйш волчу шен гергарчу стагехьа гIо даккхар – иза иэхь хилла. ДIаяханчу заманахь оьздачу наха девнехь а ларъеш хилла нийсо. «Нийсо шина вешина юккъехь а хила еза», — чIагIдо халкъан кицано. Нагахь шен нийсо ларъян аьтто боцуш, харцонан ницкъ тоьлла хьал хIоттарх, иза гуттаренна а хила дезаш санна тIелоцуш ца хилла нохчочо. Шен нийсо меттахIоттор цо цхьана ханна дIатоттуш хилла, шен аьтто баллалц. Сихлуш а ца хилла, вицлуш а ца хилла. Собар деш хилла.

8. «Яхь», «харц яхь», «хьаг1». яхь—иза гуттар а дикачу гIуллакхаш тIехь, амалшкахь (комаьршаллехь, майраллехь, и. дI. кх. а) кхечул, шена гонахарчу нахал оьшуш ца хила гIерташ, мелхо а царал тола гIерташ хилар ду. Оцу хьолехь стаг ша хIума хаъал хилчхьана велла дIаваллалц хуьлуш хилла. Хийла даккхий хьуьнарш гойтуш, хийла шега лалур яц аьлла халонаш ловш хилла стага, гонахарчу нахаца я билггал волчу цхьана стагаца йохье а волий. Стага яхь лелош верг цуьнан заманхо хила а тарло, я цкъа мацах ваьхна махкахь а цIе яхна стаг хила а мега. харц яхь Иза стага, нахаца йохье а волий, цара олучу дашах кхера а лой, нийса доцург а, зулам а дар ду. Харц яхь бахьанехь, наха цхьамма тIехтохам бича, нахах эхь хетий, мацах цхьаьннан карах цхьаъ веллера олий, тухий, куьгбехке воцу, маьрша стаг вуьйш меттигаш а нисло вайн дахарехь. Харц йохьана уллохь ю хьагI. Иза а къовсавалар ду, ша къовсавеллачунна вуон болх хила лаарца къовсавалар: иза шел тоьлча, и лан оьздангалла йоцуш, цунна тешнабехк бан а, харц цIе кхолла а, хIуъу дан а кийча а волуш. Гуш ду иза стеган амалехь Iаламат доккха сакхат а, доккха къа а хилар. Делан Элчас — Делера салам-маршалла хуьлда цунна — аьлла: «ХьогIо ягайо шун Iамалш». «Яхь», «хьагI» боху кхетамаш, дуьхь-дуьхьалара маьIна долуш белахь а, мелла а вовшашца зIе йолуш а бу. Цу шиннан а бухахь—къовсавалар ду. Цундела стаг гуттар а сема хила веза шен яхь хьогIе ца йоьрзуьйтуш, шен лаамера шайтIанан лааме ца волуш (ткъа хьагI — шайтIанан лаам бу). Коьрта долчунна, и ца хилийта лоцуш хилла хьалха къонахаша шайна оьздангаллин хехой.

9. «Собаро» стеган дахарехь д1алоцу меттиг. Собар — иза вайн къомо уггаре а чIогIа леринчу гIиллакхех цхьаъ хилла. «Сихалло са даьккхина, собаро лам баьккхина», — иштта боху халкъан хьекъало. И мехалла вайн къоман кхетамехь чIагIъялар, хетарехь, доьзна ду бусалба дин вайнахана юккъехь чIагIдаларца. Дала Къуръан чохь аьлла, Ша собар динчуьнгахьа ву. Собар—шена тIекхаьчначу муьлххачу бохамна, гIелонна, воьхна ца хьийзаш, сихаллехь, ойла яр доцуш цхьаъ ца деш сацавала, хиллачух нийса кхета а, маьIна дан а хьекъал кхачар ду. Собаран барам тайп-тайпана хуьлу. Поэта Сулейманов Ахьмада олура, къонах собар кхачийна хилча а, собар карош хила веза…собар доза доцуш хилар; кхидIа сатоха ца оьшу аьлла меттиг тIекхаьчча а, шегахь собар лохуш а, и карош а стаг хила везар;

10.Муха хила еза стеган шен дег1аца, духарца йолу юкъаметтгаш.Стеган оьздангалла цо ша-шеца лелочу гIиллакхашна тIера дIайолало. Иза уггар хьалха шен дог-ойла, тIаккха цуьнга хьаьжжина шен юьхь-сибат а, дегI а цIена латтор ду. Нагахь стаг коьрта шен дог-ойла, шен гIуллакхаш ду, ткъа шен духар, сурт-сибат мухха хилча а мегар ду аьлла лелахь, цуьнан оьздангалла кхочуш ца хуьлу, цуьнан чулацам куьцаца шалхаболу. Стеган оьзда массо хIума а хила деза – ойла а, духар а, гIиллакхаш а. Стага уггар хьалха шен дегI цIена лело деза. «ЦIеналла—ах дин ду», — аьлла Делан Элчас, Делера салам-маршалла хуьлда цунна. Ткъа боккъал а Делах а тешаш, дин лелош волу стаг унахцIена ца хила йиш яц. Стеган дегIаца йолу унахцIеналла дIаяьлча, цуьнан оьздангаллин гайтам бу духар.Духар уггар хьалха дIадолало коьрта туьллучу хIуманна тIера. Корта Iуьйра аравалар магош ца хилла, зудчунна хьовха, боьршачу стагана а. И гIиллакх ширчу заманахь дуьйна схьадогIуш ду, шен кIорггера маьIна а ду цуьнан. Ширчу заманахь коьртахь хIума лело бакъо ца хилла шен схьавалар оьзда, цIена доцчу стеган. «Коьртара куй а баьккхина, дехар дина», — олуш ду вайнехан. Иза гуттар а чIогIа дина дехар ду. Цо гойту, мел деза хIума хилла боьршачу стага коьртара хIума дIаяккхар. Нагахь нуьцкъах цхьамма кхечуьнан коьртара хIума яьккхинехь — и доккха эхь а, зулам а хилла. Ткъа шен лаамехь, дехар деш стага коьртара куй баккхар — иза шен бехкана къера хилар ду, оцу дехарна, цхьа а аьтто белахь, жоп дала дезар а ду. Ткъа зудчо, дехар деш, коьртара хIума яккхар кхин а деза хилла. Хийла кечделла зулам сецна, хийла шаьлта батта йиллийтина зудчо довхошна юкъа кхоьссинчу йовлакхо. «Ах стаг бедаро во», — бохучу кицано гойту нохчаша духарна тIе боккха тидам бохуьйтуш хилар. Изза тIечIагIдо кхечу кицано а: «Духаре хьажжий, тIе а эца, хьекъале хьажжий, новкъа а ваккха». Духарца кхечарал соввала гIерташ Iедал ца хилла нохчийн. Нагахь шен елахь а, шен лулахочун я накъостийн йоцу бедар тIеюхар а товш хеташ ца хилла. Амма шаьлтий-доьхкий, кхидолу герззий уггаре а тоьлларг нисдан хьожуш хилла хIора а.

11.Нохчийн къоман салам даларан-эцаран кеп. Кех араваьлча, дуьхьал кхеттачуьнга вистхилар тIедужу стагана. Вистхиларан корта салам ду—Ассаламу Iалайкум. Салам нохчаша массаьрга а ца ло. Салам шен хенарчу, я шел дукха баккхий я кегий боцчу нахе луш Iедал ду вайн. Ханна хьо жима велахь, ахьа хьалха дIадала дезаш ду салам. Хьо вогIуш а волуш, лаьтташ я хевшина Iаш нах (я ша цхьа стаг) хилча, салам далар хьуна тIедужу. Салам а делла, стаг тIевеъча, дегI нисдина хьалагIаттар тIехь ду хиъна Iачунна, нагахь тIевеънарг ханна воккха велахь-м муххале а. Воккха вацахь а, хьалагIаттар я хьалаайавалар гIиллакхехь ду. Нохчийн Iадатехь салам ца луш бу дикка баккхий нах, зударий, пхийтта шо кхачаза бераш. Салам даларан метта маршалла хаттаран кхечу хорманех пайдаэца тарло цара. Хьайл дикка воккха волчу стеган ахь де (Iуьйре, суьйре, буьйса) дика йо, «могаш-паргIат» а хотту. Воккхачу стага «Далла везийла», я «Диканца дукха вехийла» – олий, дуьхьал жоп ло. Ткъа пхийтта шо кхачаза долу бераш шаьш дистхила деза, хьо царна дуьхьал жоп делчхьана волу.

12.Х1ун г1иллакхаш хилла нохчийн пхьоьханехь лело дезаш. Схьаоьцур вай пхьоьха. ХIора юьртахь, шен билггала меттиг а йолуш, хIуттуш хилла пхьоьха. Юкъ ехккал хилча, хIора стеган бакъо хилла пхьоьхана ваха. Иза ша тайпа кхетош-кхиоран ишкол хилла, керла хIумнаш, хилларш, лелларш хаза йиш йолу меттиг а хилла. Оцу пхьоьханашкахь дешан хьалхе, гуттар а санна, баккхийчаьргахь хилла, цара кегийчарна пайде дерг, кхетаме дерг дуьйцуш а хилла. Жимха, шега дош делча, вистхуьлуш хилла. «Шуна хьалха вистхуьлу-м вацара со, делахь а аш аларна сайна хетарг эр ду-кх ас», — олуш хилла цо, баккхийчеран сий деш. Нагахь шен бан безаш цхьа хаам белахь, я шена мехала хеташ хIума делахь довзийта дезаш, жимчу стага: «Цхьа-ши дош эр дара ас, аш пурба лахь (я бехк ца биллахь)», — олий, шена вистхила бакъо йоккхуш хилла. Зударий пхьоьхана богIуш ца хилла, ша цхьа кхерам тIехIоьттича орца даккха ца багIахь. Цигахь а, я кхечу боьрша нах гуллучу меттигашкахь а къамелаш деш а ца хилла зударша. Баккхийчу наха вовшашца лелош хилла дешан раж, вовшашна юккъехь гIиллакх. Нагахь цхьа а вист ца хуьлуш, соцунгIа еъча, цхьатерра шиъ дош ала тохавелча, ший а сацалуш ду, вовшашка дешан рагI кховдош. РагI схьаэцначо: «Баркалла, ахь хьайн дош диц ма делахь», — олий, шен къамел до, дукха дах ца дан а хьожуш. Шайх цхьамма къамел деш юкъагIуртуш: «Бехк ма биллалахь, вицвалале эр дара ас», — олий, бехказа волу.

13.Муха ю нохчийн тезет д1адахьаран кеп.Вуонехь, тезетахь лело дезаш шен гIиллакхаш ду. Уггар хьалха ша арабаьккхинчу некъе хьаьжжина хила деза тIедуьйхина барзакъ: коьртахь хIума (коьрта Iуьйра тезета ваха магош дац вайн Iадатехь), дехха пхьош долу коч, тIелетта йоцуш, паргIат кхийолу бедар. Кхузахь билгалдаккха деза цхьа хIума: тезета воьдуш Iаьржа, таьIна бедар юхар я зударшна Iаьржа йовлакхаш тахкар тIехь дац. Иза бусалба динехь а дац, я вайн нохчийн Iадатехь а дац. Тезетана тIевогIуш уггар хьалха салам дала деза. И дала тамехь доцу кеп хIоьттинехь, «ДоIа дейша», – аьлча а чекхдолу. Салам делча, салам дIа а оьций, тезетахь доIа дийр ду и дан догIучо. Кадам бинчул тIаьхьа тIевеънарг, тезетан дайн куьг а лоцуш, кхета везачохь мара а кхеташ, чекхволу, нагахь ша иза дан аьтту болуш велахь (хенаца я гергарлонца), вацахь, кадам а бой, юьстах а волий, дIахIутту. Тезетахь нах охьаховшар шен кеп йолуш ду. Кхузахь хьалхе дешначу стагехь ю. Бусалба дин кIорггера Iамийна а, девзаш а волчу стагана баьрччехь, лераме меттиг ло. Цунна улло охьаховшу тезетан дай — баккхий нах, кхидIа — Iеламнах а, вокх-воккханиг лакхахь а, аьтту агIор а ховшуш, охьаховшу. Кегий нах, дукха хьолахь, дIахIуьттий лаьтта; уьш: кхелхинчун гергарнаш — лакхахь, вуьйш — лахахь латтар гIиллакхехь ду.

14.Х1ун г1иллакхаш лело деза стага ноыкъа вог1уш. Массо къаьмнийн а ду воккха стаг ларар. Амма массеран а дац, воккхачу стеган некъ ца хадош, сацавалар. «Некъ ца хадор» боху кхетам а бу ша-тайпана. Генара схьавогIучу стагана хьалхахула тIехваларх, некъ «хедаш» я цунна новкъарло хуьлуш хIума дац иза. ХIетте а оцу воккхачу стаге болу лерам, цуьнан а, цуьнан шерийн а сий дар ду иза. Хаза гIиллакх а ду. Нагахь хьо говрахь велахь а, иштта саца веза, некъ ца хадош, говрара а воьссина. Нагахь хьуна дуьхьал вогIуш воккха стаг хилча, иштта говрара а воьссина, цуьнга вист а хилла, иза аьтту агIор тIехвалийта веза. Хьо гIаш хилча а изза дан деза: воккха стаг, зуда — аьтту агIор, ткъа жиманиг — аьрру агIор тIехвалийта. Новкъахь воккхачуьнца воьдуш хилча, хьо цуьнан аьрру агIор хIотта декхар ву. Нагахь стаг зудчуьнца (йоккхачу стагаца я хийрачу) вогIуш хилча, цо иза аьтту агIор йита еза, ша жимма хьалха а волуш; нагахь шен гергарчу зударшца (хIусамненаца, йишица, и. дI. кх. а) вогIуш велахь, уьш аьрру агIор а, жимма цул тIаьхьа а хилча нийса хир ду нохчийн гIиллакхехь.

15.Муха дола да деза адамо ц1ахь долчу хьайбанин. Уггар а хьалха шен цIахь долчу хьайбанийн доладар: уьш меца ца дитар, экханах лардар, царна чохь латта меттиг кечъяр, цомгаш хилча, дарба лахар тIедужу стагана. ХIунда аьлча, цкъа делахь, Дала стаге шен дегIах а, доьзалх а санна, жоп доьхур долуш ду цуьнан дохнех а; шолгIа делахь, цо лелочу даьхница цуьнан йолчу юкъаметтиге хьаьжжина билгалдаккха тарло хIора стеган оьздангаллин сурт-сибат. хьайба гIийла ду адамал, ткъа гIелалла, гIорасизалла ларар, иштта волчунна орцах вахар кхечу хIумнел хьалхадаккхар деза лийрина нохчийн оьздангалло. ЦIахь лелочу хьайбанашлахь къонахчо уггаре а чIогIа гергарло говраца лелош хилла. Иза шен нийса накъост санна хеташ а хилла, де эшначу дийнахь шена орцахъяла иза кийча юйла хууш. Дин балар доккха вуон хетта нохчочунна, иза адам кхалхарца (тешаме доттагIа дIаваларца) дуьстина. Говр, къаьсттина хохкуш ерг, чIогIа лерина лелош хилла, ша-тайпа кхача а (масала, кхерзина хьаьжкIаш, кхехкийна кIа, сула) латтош, малдой хи а малош, шен рожехь лийча а еш. Ша-тайпа хилла нохчийн бежнашка болу хьежам. Стеган хьал-бахаман я цхьана диканна, вуонна лучу томан барам хилла етт. Масала, стеган меха 63 я 70 етт хилла; зуда шен майрачух ца ешаш, цIа еъча, оцу зудчун наха «цаяшар» токхуш хилла — 8 етт, и. дI. кх. а. Хьаша-да веъча, цуьнан сийнна уьстагI буьйш хилла, я хьеший дуккха а хилча — сту.

16.Х1ун юкъаметтигаш хилла еза стеган акхарошца, дийнаташца. Къаьсттина юкъаметтигаш хилла нохчийн акхарошца а. Уггар хьалха хьахор вай борз. Цхьана хенахь, хетарехь — Iеса дин лелочу заманахь, и экха деза а, сийлахь а лоруш хиллачух тера ду вайнаха. Барзаца боьзна дуккха а тешамаш а бу вайнехан. Нохчаша ша-тайпа ларам беш экха ду сай. Иза тIаьххьарчу хенахь вайн хьаннашкахь дацахь а, цхьана хенахь дуккха а хиллачух тера ду. ХIунда аьлча, вайн къоман барта кхоллараллехь Iаламат йоккха меттиг дIалоцу цо. нохчий дукха хьалхе дуьйна экханна толлуш хилла.Муьлххачу а акхарочун хIу хадо йиш ца хилла, шена оьшуш а доцуш, совнаха, синкъерамна экха ден бакъо а ца хилла. Акхарой тIех хIаллак ца дайтарна тIехьажийна кхин цхьа гIиллакх а хилла нохчийн Iадатехь. Кхо бIе экха дийначу таллархочо шен тоьпан бух баго безаш хилла. Ша кхидIа таллархо вац бохург хилла иза.

17.Мел мехала деза хетта нохчашна лаьтта т1ехь болх бар. Ткъа лаьттана беш болу уггаре а боккха ларам – иза цу тIехь хьанала къахьегар ду. Цхьана хенахь латта, ша дIаден деза хан тIекхаьчча, оре беъна етт санна, Iоьхуш хилла боху. Амма и лаьттан цIогIа дукха чIогIа хиларна, нах Iадош а, вуно кхералуш а хилла. Цундела Дала дихкина боху лаьттана Iахар. Ялта дIа ца дуьйш деса, я ялта дIа а дийна, асар ца деш латта дитар доккха эхь хилла; эхь хиларал сов, иза къа а лоруш хилла. Лаьтта тIехь хьанала къахьегар нахана марздеш, цуьнан мах беза буйла хоуьйтуш, тайп-тайпана дезденош— цIайш хилла вайнехан.

18.Дог1учу хин, шовданийн,1аьмнийн муха сий деш хилла вай дайша. Ша-тайпа оьздангаллин барам бу нехан шовданашца, догIучу хишца, Iаьмнашца йолчу юкъаметтигашкахь. ХIора юьртахь а хуьлуш хилла шовданашна доладеш, керла гучудаьллачу хьостанна гонаха керт еш, хи схьадалийта чоргIе я биргIа юьллуш, маьхза юкъара белхаш беш нах. Дукха хьолахь оцу шовданна цунна дола дечу стеган цIе туьллуш хилла: Эдалан шовда, Гамин шовда…

Шовданийн а, догIучу хийн а, Iаьмнийн а йистош цIена латто еза, церан хиш чохь боьха хIумнаш йитта магош дац.



Поделиться:


Последнее изменение этой страницы: 2017-02-22; просмотров: 1693; Нарушение авторского права страницы; Мы поможем в написании вашей работы!

infopedia.su Все материалы представленные на сайте исключительно с целью ознакомления читателями и не преследуют коммерческих целей или нарушение авторских прав. Обратная связь - 3.145.23.123 (0.011 с.)