Урокан ц1е:Хандош а,цуьнан маь1на а. 


Мы поможем в написании ваших работ!



ЗНАЕТЕ ЛИ ВЫ?

Урокан ц1е:Хандош а,цуьнан маь1на а.



1алашо:. Хандош билгалдаккха деза къамелан дакъа хиларе терра.

           Цо х1ун гойту а,муьлхачу хаттаршна жоьпаш ло а хаа деза.

          Предложенехь хандош сказуеми хуьлий лелий хаар.

 

                                                    

                                         Урок д1аяхьар.

Ι.Урокан болх д1ах1оттор.

ΙΙ.1амийнарг карладаккхар.

1.Фронтальни хаттарш:

-Стенах олу ц1ердош?

-Билгалдашо х1ун гойту?

-Терахьдош стенах олу?

-Стенах олу ц1ерметдош?

2.Дешнийн диктант.

Ц1ен къолам,ц1ийина шура,сийна папка,б1аьста сенъелира,хьалххе 1аржъелла,можа г1аш,гуьйранна мажделла,ч1ог1а к1айина,к1айн аренаш,1аьржа латта.

-Х1окху цхьаьнакхетаршна юкъара цхьа орам болу дешнаш муьлхха къамелан дакъош ду.Билгалдаха уьш,дешнийн цхьаьнакхетаршна толлам а беш.

ΙΙΙ.Керла коьчал йовзийтар.

Хьехархочун дош:

1.Х1уманан дар я хилар гойтучу къамелан декъахь хандош олу.Цо жопЛОх1ун до?х1ун дан?х1ун хила? Х1ун хуьлу?бохучу а,хенашца хийцадаларца царех схаьдевллачу а хаттаршна. Х1ун дан? яздан,деша,хьажа. Х1ун до? яздо,доьшу,хьожу. Х1ун хила? шелъяла.йохъяла. Х1ун хуьлу? шелло,йохло.

2.Х1окху предложенеш юкъра хандешнашна буха сиз хьакха.

Бераш дахара ц1азамаш даха эвлан йисте.Цаьрца Казбек вара.Ц1азамаш карадора берашна. Ц1еххьана кхоьлира.

-Хандешнашна буха сиз хьакха.Хаттаршх1иттаде.

-Аларан 1алашоне хьаьжжина,муьлха предложенеш ю уьш?

-Хандешнашна хаттарш х1иттаде.

ΙV.1амийнарг т1еч1аг1дар.

1.Кхочушде 272-г1а шардар.

Цхьана предложенина бе синтаксически къастам.

2.Уьна а,тетрадаш т1е а яздеш,кхочушдо 273-г1а шардар.

V.Жам1 дар.

-Х1ун гойту хандашо?

-Муьлхачу хаттаршна жоп ло цо?

-Предложенехь муьлха меже хуьлий лела иза?Даладе масалш.

 

Комментировать еш оценкаш д1айохку.

VΙ.Ц1ахь бан болх.

1.1амае 42-г1а§

2.Кхочушде 275-г1а шардар.

 

 

Г1ий урокаш.

Урокан ц1е:Хандешан билгалза кеп.

1алашо:. Хаа деза,хандешан билгалза кеп-иза юьхьанцарчу

                хандешан форма юста,цо цхьа а хан билгал ца йой а.

                                                      

                                               Урок д1аяхьар.

Ι.Урокан болх д1ах1оттор.

ΙΙ.Ц1ахь бина болх таллар.

1.Шардар толлу ц1ахь кхочушдина.

2.1амийна бакъо схьаюьйцуьйту.

ΙΙΙ.Дешнийн диктант.

Кхоьру,мала,вог1у,сенло,хила,олу.лаьара,т1екхечира,йоллура,хьалхавелира,эца,кечлора,ган,ван,деша,оьцура,кечвала,хиънера,ваха,ала,хьожур ву,ида,кхехка,1аржъяла,лийхи.

-Муьлха къамелан дакъа дув ай цара?

-Муьлхачу хаттаршна жоп ло цара?

-Массо а хандешнаша билгалйой хан?Билгалза кепан хаттарш:х1ун дан?х1ун хила? эца,ваха,деша,кхехка.

 

ΙV.Керла коьчал йовзийтар.

1.Йоьшу 43-г1а§.

2.Кхочушдо 277-г1а шардар.

3.Цхьана дешдекъах лаьттачу билгалзачу кепан хандешнийн масалш даладо церан чаккхенгахь н  яздеш хилар билгал а доккхуш.

V.Дешархошка шайга болх байтар.

1.Кхочушдо 278-г1а шардар.

-Хандешнашна хаттарш а х1иттош буха ши сиз хьакха.

VΙ.1амийнарг т1еч1аг1дар.

 

1.Кхочушдо 279-г1а шардар. Лаьттан бохучу дашна бе дешх1оттаман къастам.

2.Кхочушде 281-г1а шардар. Г1еттира бохучу дашна бе фонетически къастам.

V1Ι.Жам1 дар.

-Муьлха тема ю вай тахана 1амийнарг?

-Тахана вай 1амийнарг муьлха кеп ю?

- Хандешан билгалза кеп муха къасто еза?

-Х1ун гойту хандашо?

-Муьлхачу хаттаршна жоп ло цо?

-Предложенехь муьлха меже хуьлий лела иза?Даладе масалш.

 

Комментировать еш оценкаш д1айохку.

 

VΙ1Ι.Ц1ахь бан болх.

1.1амае 43-г1а§

2.Кхочушде 380-г1а шардар.4-чу предложенина бе синтаксически къастам.

 

Г1ий урокаш.

Урокан ц1е:Хандешан билгалзачу кепан  нийсаяздар..

1алашо:. Билгалзачу кепан хандешнийн чаккхенгахь –н яздар,

             дифтонгаш маца язйо довзийтар.

 

                            Урок д1аяхьар.

Ι.Урокан болх д1ах1оттор.

ΙΙ.Ц1ахь бина болх таллар.

1.Шардар толлу ц1ахь кхочушдина.

2.1амийна бакъо схьаюьйцуьйту.Даладойту масалш.

ΙΙΙ.Дешархошка шайга болх байтар.

1.Кхочушдо 284-г1а шардар.

-Муха яздо цхьана дешдекъах лаьтта билгалзачу кепан хандешнаш?

 

ΙV.Керла коьчал йовзийтар.

 

1.Дешархошка йоьшуьйту 44-г1а §.

2.Билгалзачу кепан хандешнийн суффиксаш тетрадаш т1е д1аязйойту.Масалш даладойту.

3.Нийсаяздаран бакъонаш кхин цкъа а билгалйоху.

V.1амийнарг т1еч1аг1дар.

1.Кхочушде 295-г1а шардар.

-Дийца, муха яздо цхьана дешдекъах лаьттачу билгалзачу кепан хандешнаш.Шардар т1ехь дуй уьш?

-1алашдан,сагатдан,сада1а,лахка,ч1аг1бан бохучу дешнийн чаккхенгахь –н яздой?Х1унда?

 

2.Бакъонца ца дог1у дош д1адаккха

.а)ала, хадо,сацо,ган;

.б)сецира,элира,ведира,вог1у;

.в)бан,ван,дан.аха.

VΙ.Жам1 дар.

-Муьлха тема ю вай тахана 1амийнарг?

-Тахана вай 1амийнарг муьлха кеп ю?

- Хандешан билгалза кеп муха къасто еза?

-Х1ун гойту хандашо?

-Муьлхачу хаттаршна жоп ло цо?

-Предложенехь муьлха меже хуьлий лела иза? Даладе масалш.

 

Комментировать еш оценкаш д1айохку.

 

V1Ι.Ц1ахь бан болх.

1.1амае 44-г1а§

2.Кхочушде 296-г1а шардар.

 

 

Г1а урок.



Поделиться:


Последнее изменение этой страницы: 2020-11-23; просмотров: 3517; Нарушение авторского права страницы; Мы поможем в написании вашей работы!

infopedia.su Все материалы представленные на сайте исключительно с целью ознакомления читателями и не преследуют коммерческих целей или нарушение авторских прав. Обратная связь - 3.144.252.201 (0.009 с.)