Урокан ц1е:Хаттаран а,юкъаметтигаллин а ц1ерметдешнаш а, церан легар а. 


Мы поможем в написании ваших работ!



ЗНАЕТЕ ЛИ ВЫ?

Урокан ц1е:Хаттаран а,юкъаметтигаллин а ц1ерметдешнаш а, церан легар а.



1алашо: Х1ун олу хаттаран,юкъаметтигаллин ц1ерметдешнех,муьлхачу хаттаршна жоп ло, уьш муха кхоллало хаар:церан дожаршца хийцадалар.Предложенехь хаттаран а,юкъаметтигаллин а ц1ерметдешнеш вовшех къасто хаар, церан башхалла йовзар.

                                   

                                 Урок д1аяхьар.

Ι.Урокан болх д1ах1оттор.

ΙΙ.Ц1ахь бина болх таллар.

1.Шардар толлу ц1ахь кхочушдина.

2.1амийна бакъо схьаюьйцуьйту.

ΙΙΙ.Дешнийн диктант.

Д1аязде ц1ерметдешнаш, тайпанашка а доькъуш:

Со-суо,масех,сайниг,х1умма а,кхиберш,цхьадерш,хьенех, д1ора,уьш,шу-шайн,иштта, х1окхул,х1ара, тхо, тхаьш,оццул,айса-сайх,церан-шайн,важа, иза, цхьа а,шу,хьо,цигара,сан-сайчо.

ΙV.Дешархошка шайга болх байтар.

1.Кхочушдо 217-г1а шардар.

2.Легаде ц1ерметдешнаш.

V.Керла коьчал йовзийтар.

Муха?мила?муьлш?х1ун?мел?маца?муьлха? и хаттарш хаттаран а,юкъаметтигаллин а хуьлу.

Мила ву яздина ваьлларг?Мила ву боданашкахь верг ца гора.Х1ун боху ахь нана?Нанас х1ун боху ца хаьара.Х1ун боху ахь?Цомгашчо х1ун боху ца кхетара со.Мила ву классехь уггаре а дика доьшуш.Массарна а хаьа, мила ву классехь уггаре дика доьшуш.

V1.1амийнарг т1еч1аг1дар.

1.Кхочушде 236-г1а шардар

2.Хаттаран ц1ерметдешнаш юкъа а далош, ши предложени х1оттае.Цул т1аьхьа уьш юкъаметтигаллин ц1ердешнийн маь1не яха.

3.Кхочушде 240-г1а шардар.

V1Ι.Жам1 дар.

-Муьлха тема ю вай тахана 1амийнарг?

-Тахана вай 1амийнарг муьлха тайпа ду?

-Хаттаран а,юкъ аметтигаллин а хаттарш муха къасто деза?

-Дожаршца а, терахьашца а  хийцалойц1ерметдешнаш?

 

Оценкаш д1айохку.

 

VΙ1Ι.Ц1ахь бан болх.

1.1амае 37-г1а§

2.Кхочушде 237-г1а шардар.

 

 

Г1ий урокаш.

Урокан ц1е:Ц1ерметдешнийн нийсаяздар

1алашо: Ц1ерметдешнийн нийсаяздаран бакъонаш йовзийтар,к1аргъяр.

               Ц1ерметдешнаш юкъахь а долуш,предложенеш х1иттор.

                                 Урок д1аяхьар.

Ι.Урокан болх д1ах1оттор.

ΙΙ.Ц1ахь бина болх таллар.

1.Шардар толлу ц1ахь кхочушдина.

2.1амийна бакъо схьаюьйцуьйту.

ΙΙΙ.1амийнарг карладаккхар.

1.Стенах олу дешан лард,орам,дешхьалхе,суффикс?

2Дешх1оттаман таллам бо:гергарло,синкъерам,таллархо,цабезам,сизалг.

3.Х1окху дешнашца х1иттае предложенеш:со,иза,х1ара,со-суо,хьайниг.

ΙV.Дешархошка шайга болх байтар.

1.Кхочушдо 239-г1а шардар.

2.Дешх1оттаман къастам бо дешнашна:зедаллачо,къинхетам,лулахо.

V.Керла коьчал йовзийтар.

Уьн т1е хьалххе язйина кеп:

1.Чолхе(со-суо,ша-шега)   2.Яххьийн:со,тхо,хьо,шу   3.Шу     Х. Дс.   К.       М. Юкъахь дефис х1оттош яздо:айса-сайх,церан-шайн,айхьа-хьайна.     Орамера аьзнаш лардеш яздо:сох-сол,тхох-тхол,хьох-хьол,шух-шул.     Шуьца,шуьга яздан деза.

 

V1.1амийнарг т1еч1аг1дар.

1.Кхочушде 243-г1а шардар

1)шина предложенешна синтаксически къастам бе.

2)тайпанаш билгалдаха.

2.Легаде:вайша,шу,цуьнан,шун,муьлхнаш,цераниг,хьйниг.

3.Кхочушде 247-г1а шардар.

-Ц1ерметдешнийн тайпанаш схьакъастаде.

V1Ι.Жам1 дар.

-Муьлха тема ю вай тахана 1амийнарг?

-Тахана вай 1амийнарг муьлха тайпа ду?

-Хаттаран а,юкъаметтигаллин а ц1ерметдешнаш муха къасто деза?

-Ц1ерметдош х1унда аьлла цуьнах?

 

Оценкаш д1айохку.

 

VΙ1Ι.Ц1ахь бан болх.

1.1амае 38-г1а§

2.Кхочушде 250-г1а шардар.

 

 

Г1а урок.

Урокан ц1е:Талламан диктант.«Дай,к1антий.»

1алашо: 1амийнарг карладаккхар.

                                    

                 Урок д1аяхьар.

Урокан болх д1ах1оттор.

ΙΙ.Текст д1аязйо.

 Иза дара ткъа шо хьалха.Шийла 1а дара лаьтташ.Юьрта ваханчуьра иза вог1уш вара со сайн деца.Доккха диллинчу лайх сакъералуш, лайла лелхаш вог1учу суна цкъа вулий дов деш,т1аккха велалуш, хьалха д1аоьхура дада.Г1алара жимма схьаваьлча,гуш хуьлура г1ала а.Дуьхьала вог1уш цхьа стаг хилча,иза геннара гора.

-Хьуьлла йог1у зуда гой хьуна?-хаьттира дадас.

-Цо хьайна эр ду?-дена юххе х1оьттира со.

-Хьо вон лелаш ву эр ду,д1ахьажал хьайга,хьоьх верриг лайх вуьзна.Куьг тохий д1адаккха иза,вашор ву хьо-реза воцуш корта ластийна,д1аволавелира да.

ΙΙΙ.Грамматически т1едиллар.

1.ц1ерметдешна буха сиз хьакха.

2.Легаде:хьо,сайниг

 

Г1а урок.

Урокан ц1е:Г1алаташ т1ехь болх.

1алашо:Дешархоша  г1алаташ т1ехь болх бар.

                                        

                        Урок д1аяхьар.

 

 

1.Урокан кечам бар.

 

2.Тетрадаш д1асадекъар.

 

3.Дукха даьхна г1алаташ дийцаре дар.

 

4.Ун т1ехь болх бар.

          

5.Схьаязъе г1алаташ даьхна предложенеш.

 

6.Ун т1ехь болх болх

Ц1ерметдешнашна буха сиз хьакха.

 

Г1а урок.



Поделиться:


Последнее изменение этой страницы: 2020-11-23; просмотров: 219; Нарушение авторского права страницы; Мы поможем в написании вашей работы!

infopedia.su Все материалы представленные на сайте исключительно с целью ознакомления читателями и не преследуют коммерческих целей или нарушение авторских прав. Обратная связь - 18.219.22.169 (0.009 с.)