Урокан ц1е: Терахьдешнийн карладаккхар,т1еч1аг1дар. 


Мы поможем в написании ваших работ!



ЗНАЕТЕ ЛИ ВЫ?

Урокан ц1е: Терахьдешнийн карладаккхар,т1еч1аг1дар.



1алашо: Терахьдешан тайпанаш а,кепаш а хаар.Уьш лего хаар.

             

 

                                  Урок д1аяхьар.

Ι.Урокан болх д1ах1оттор.

ΙΙ. 1амийнарг карладаккхар.

 

1.фронатальни хаттарш.

-Стенах олу терахьдош?

-Муьлха тайпанаш 1амийна вай терахьдешан?

-Маса кеп ю терахьдешан?

-Стенах олу декъаран а, дакъойн а терахьдешнаш?

-Стенах олу билгал-масаллин а,гулдаран а терахьдешнаш?

 

2.Дешнийн диктант

Вуьрх1итта,ткъа,цхьйтта,пхиппа,ткъе итт, шиъ,ялх,ткъе шиъ.

ΙΙΙ.Дешархошка шайга болх байтар

1)Кхочушдо 162-г1а шардар.

2)Кхочушдо 161 –г1а шардар.Йозанца язде терахьдешнаш.

3)Легаде терахьдешнаш шиъ,шолг1а,кхоъ,кхоалг1а,ворх1,исс,ткъолг1а.

ΙV.1амийнарг т1еч1аг1дар.

1.Кхочушде 163-г1а шардар.

V.Жам1 дар.

 

-Терахьдешнаш стенах олу?

-Терахьдешнаш маса тайпа ду? Муьлхарш?

-Терахьдешан маса кеп ю?Муьлхарш?

-Терахьдешнаш дожаршца хийцалой?

-Классан гайтамца хийцалуш дерг муьлха терахьдош ду?

-Стенах олу декъаран а, дакъойн а терахьдешнаш?

-Стенах олу билгал-масаллин а,гулдаран а терахьдешнаш?

VΙ.Ц1ахь бан болх.

 

1.1амае 13-24г1ий §§.

2.Кхочушде 157-г1а шардар.

 

Г1а урок.

Урокан ц1е:Сочинени«Ас хаьржина корматалла.»

1алашо:Дозуш долу къамел кхиор.

            Предложенеш нийса вовшах таса хаар.

             

                       Урок д1аяхьар.

Ι.Урокан болх д1ах1оттор.

ΙΙ.Хьехархочун дош.

 

Массо а адам хьанала къахьега дезаш ду.Шена безаш болу болх бан атта хуьлу адамана. Стеган самукъадолу шена беза болх беш хилча.Шена еза корматалла караерзо дика деша а,къахьега а деза.Адамо дукха хьалхе къастайо шена корматалла.

Тахана вай язйийр йолу сочинени аш хаьржинчу корматаллех хир ю.Х1инца дуьйна аш шайна цхьа корматалла къастийча, дика доьшуш кечам бича, болх бан атта хир ду.

ΙΙΙ.Дешархошна г1оьнна хаттарш ло:

 

1.Ас хаьржина корматалла.

2.Х1унда хаьржина иза?

3.Муха къахьега деза и лаам кхочуш беш?Деша дезий дика?

4.Хьенан дуьхьа доьшур ду ахь?

5.Хьан г1о дийр ду хьуна?

6.Болх муха бан дагахь ву хьо?

7.Вайн махкахь бан дагахь вуй хьо болх?

8.Нахана пайдехьа хир буй хьан болх?

9.Хьуна луур дуй кхечу махка д1аваха а,цигахь къахьега а?

10.Дений,нанний х1ун эр ду ахь,хьо цу дикачу новкъа ваьккхинчу?

11.Хьайн дахарехь халонаш 1итталахь а д1ахьур буй ахь хаьржина некъ?

12.Сочинени,кица дахарца я байтаца чеккъяккха.

ΙV.Оцу хаттаршна жоьпаш луш д1аязйо дешархоша сочинени,дуьххьар листокаш т1ехь язйо,шайн предложенеш вовшах нийса а тосуш г1алаташ нисдо.

V.Ц1ахь бан болх.

 

Болх чекхбаккха.

 

 

                                                                              

 

 

Г1а урок.

Урокан ц1е:Ц1ерметдош а,цуьнан грамматически билгалонаш а.

1алашо:Ц1ерметдош а,цуьнан грамматически билгалонаш а йовзийтар.

 

Урок д1аяхьар.

Ι.Урокан болх д1ах1оттор.

ΙΙ.Ц1ахь бина болх таллар.

1.Кхочушдина шардар барта толлу.

ΙΙΙ.1амийнарг карладаккхар.

Дешнийн цхьаьнакхетаршна бе къастам,царех кхоъ легаде.

 Цхьа буьйса,иссе а чоь,ворх1-ворх1 совг1ат,ткъайоьсна стаг,берх1итта урок,цхьйтталг1а шо,

ткъе шийтта урам.

-Барта дийца церан тайпанаш.

-Легаде цхьа буьйса,берх1итта урок,иссе а чоь.

ΙV.Керла коьчал йовзийтар.

1.Хьехархочун дош:

Ц1ердешан,билгалдешан,терахьдешан метта лелачу къамелан декъах ц1ерметдош олу.

Ц1ерметдешан итт тайпа ду.Уьш дожаршца хийцало.

 

2.Д1аеша 25-г1а§.

-Стенах олу ц1ерметдош?Кхин муьлхачу къамелан дакъойн метта лела иза.

-Муьлха ц1ерметдешнаш девза шуна?

-Муьлхачу къамелан дакъойх метта лела уьш?

-Предложенехь муьлха меженаш хуьлий лела?

V.1амийнарг т1еч1аг1дар.

1.Кхочушде 167-г1а шардар.

Ц1ерметдешнаш схьаязде,юхь,терахь,дожар,билгалдаккха.

2.Кхочушде 168-г1а шарадар.

1-чу предложенина бе синтаксически къастам.

3.Легаде со,уьш боху ц1ерметдешнаш.

4.Дешнаш т1ехь болх:

Ц1ерметдош- местоимение

VΙ.Жам1 дар.

-Стенах олу ц1ерметдош?

-Хаттарш дуй ц1ерметдешан?

-Муьлхачу къамелан дакъойн метта лела ц1ерметдешнаш?

 

Комментировать еш оценкаш д1ах1иттайо.

VΙΙ.Ц1ахь бан болх.

1.1амае 25- г1а§.

2.Кхочушде 169-г1а шардар.

 

 

Г1а урок.

Урокан ц1е:Ц1ерметдешнийн тайпанаш.

1алашо:Ц1ерметдешнийн тайпанаш довзийтар,

         уьш шайн маь1ница хьаьжжина муьлхачу

                                                тайпанашка декъало хаийтар.

 

Урок д1аяхьар.

Ι.Урокан болх д1ах1оттор.

ΙΙ.Ц1ахь бина болх таллар.

1.Кхочушдина шардар барта толлу,ц1ерметдешнаш билгалдоху.

2.Бакъо схьаюьйцу.

 

ΙΙΙ. Карладаккхар.

                             Дешнийн диктант.

Кхоъ,к1ант,жима,иза,ткъа,коч,йовлакх,тептар,баьццара,дейтта, суна,уьш,оьзда,лекха,доттаг1,эзар,накъост,цунна,х1ара,бераш,куй.

 

-Шайн къамелан дакъошка а х1иттош, бог1ама д1аязде.

ΙV.Керла коьчал йовзийтар.

Уьн т1ехь хьалххе кечйина ю кеп:

                                                      Ц1ерметдешан тайпанаш.

1 Яххьийн Со,тхо,хьо
2 Дерзоран Суо,со-су0,шу-шаьш
3 Доладерзоран Сан,хьан.шун
4 Дерзоран-доладерзоран Сан-сайн,тхан-тхайн
5 Гайтаран Х1ара,д1ора,цигара
6 Къстаман Х1арра,изза,муьлхха
7 Къастамза Хьенех,минех,масех
8 Дацаран Цхьа а, аддам а
9 Хаттаран Мел?маса?х1ун?
10 Юкъаметтигаллин    Х1ун,мила,хьенан

 

-Тетрадаш т1е кеп д1аязъеш, дешархоша дуьйцу,муьлха ц1ерметдешнаш дохку х1ора тайпанна юккъе.

-Х1ора тайпанна ц1ерметдешнаш дуьйцуьйту дешархошка.

V.1амийнарг т1еч1аг1дар.

1.Кхочушде 171-г1а шардар.

2. Церан бохучу ц1ерметдешнех бе фонетически

3. Суна делира,тхьоьга веара,хьо гира,шух дагавелира,цаьрца карийра,кхуьнца веара.

-Предложенеш х1иттае дешнийн цхьанакхетарх.
-Муьлхачу тайпана чу дог1у.

VΙ.Жам1 дар.

-Стенах олу ц1ерметдош?

-Маса тайпа ду ц1ерметдешан?

-Муьлхачу къамелан дакъойн метта лела ц1ерметдешнаш?

Масалш даладе.

Комментировать еш оценкаш д1ах1иттайо.

VΙΙ.Ц1ахь бан болх.

1.1амае 26- г1а§.

2.Кхочушде 173-г1а шардар.

 

Г1а урок.



Поделиться:


Последнее изменение этой страницы: 2020-11-23; просмотров: 552; Нарушение авторского права страницы; Мы поможем в написании вашей работы!

infopedia.su Все материалы представленные на сайте исключительно с целью ознакомления читателями и не преследуют коммерческих целей или нарушение авторских прав. Обратная связь - 18.116.8.110 (0.013 с.)