Урокан ц1е:Хандош,цуьнан билгалонаш. 


Мы поможем в написании ваших работ!



ЗНАЕТЕ ЛИ ВЫ?

Урокан ц1е:Хандош,цуьнан билгалонаш.



1алашо: Карлаяха хандешан грамматически билгалонаш,

           церан нийсаяздаран бакъонаш,хенаш.

                                     

                     Урок д1аяхьар.

Ι.Урокан болх д1ах1оттор.

ΙΙ.Хьехархочун дош.

Хандош 1амочу хенахь вайна гучуделира цуьнан билгалзачу кепах кхета хало хилар а, яханчу хенан хандош масдарх а, причастех атта къаста цадалар а.Иштта хала дара шуна хандешнийн хенаш билгалъяха а, церан чаккхенаш нийсаязъян а.

Х1инца 1амийнарг к1аргдеш, хандош 1амор д1ахьур ду вай ворх1алг1ачу классехь а.Нохчийн мотт 1аморехь доккха дакъа д1алоцу хандашо.И къамелан дакъа кхачам боллуш талла а,1амо а деза вай.Х1инца вай 1амийнарг карладаккху.

ΙΙΙ.Хандашах лаьцна 1амийнарг карладаккхар.

1.Д1аязъе предложенеш.Морфологически къастам бе царна.

1)Дайн г1иллакхаша хьалхе яьккхира…

2)Догдика,къонах стаг яра Шахмирзин ненайиша.

3)Дахар а ца нисделлера цуьнан.

4)Цундела берашца бекъаза безам шен йишин к1антана д1алора цо.

5)Неайиша шолг1а нана хилла д1ах1оьттинена цунна.

-Муьлха къамелан дакъош ду предложенешкахь?Шуна ца девзаш къамелан дакъа дуй кхузахь?Муьлхарг?

-Схьаязде хандешнаш,йийца церан грамматически билгалонаш;предложенехь муьлха меже хуьлий лела уьш?

-2-чуй,5-чуй предложенешна синтаксичечки къастам бе.

2.Муьлхачу хаттаршна жоп ло билгалзачу кепехь долчу хандешнаша?Х1ара хандешнаш билгалзачу кепе х1иттаде.Цхьа а хан гойтий цара?

Хетара,веанера,цецваьлла,ладоьг1на,резахуьлу,ихна,т1елаьцнера,лаьара,дора,мажделла,гулло, дан, зен, лен, шарйина,д1аоьхура,сецавора.

Кеп:яздо-яздан.

ΙV.Дешнийн диктант.

Ган лиира,сацо вуьйлира,серлаяла йолаелла, арахь шелъелла.хьаннаш серлайовлу,гонаха хьаьвзи,гена кхоьссина, майданахь гинера,кхуза ваийтинера,йоуьйтур ю,кхеталур ву.

-Дагадаийтий дийца,муха яздо цхьана дешдекъах лаьтташ долу хандош билгалзачу кепехь.Даладе масалш.

-Дешнийнцхьаьнакхетарехь долчу хандешнийн хенаш билгалъяха, барта йийца церан суффиксаш; морфологически къастам бе хандешнашна.

V.Орфографически 5 минот.

1)Билгалзачу хандешан орамера а карарчу хенахь о -не доьрзу,чаккхенгахь у х1утту: саца-соцу. Даладе масалш.Уьш д1аязде.

2)Х1ара хандешнаш карарчу хене х1иттаде:

Ваха,хьажа,акха,ала, вада, лахка, арахьакха,ата,аха,мала, даа, лалла,дахка,таса,баккха,кхалла.

-Орамера а,чаккхенера а аьзнаш билгалдаха.

VΙ.Дешархошка шайга болх байтар.

1)Кхочушдо 348-г1а шардар.

2) Дуьйцура,мелира бохучу хандешнашна хенаш къовларш юкъахь язъе.

VΙΙ.Ц1ахь бан болх.

1.Хандашах лаьцна 1амийнарг карладаккха.

2.Кхочушде 349-г1а шардар.

 

 

Г1а урок.

Урокан ц1е:Шеран талламан диктант.«Б1аьсте.»

1алашо: 1амийнарг карладаккхар.

                                    

                 Урок д1аяхьар.

Урокан болх д1ах1оттор.

ΙΙ.Хьехархочо текст йоьшу, ца кхеташ долу дешнаш уьн т1е д1аяздо.

ΙΙΙТекст  аларца д1аязъяр.

             Шолг1ачу дийнахь, кхунна г1о дан ц1ахь сецначу 1абдуллас г1о а деш,нехан бежнаш дажо дигира Ахьмада.Малх дикка лакхабаллалц кхунна г1о деш а 1ийна,шен керт-кехь г1уллакхаш дан д1авахара 1абдулла.Стовн колл олучу меттехь бажа а бажош,б1аьстенна х1инцца самадолуш доллучу 1аламан хазалле а хьоьжуш,гуш долчу суьрто б1аьрганна там хуьлуьйтуш,сапарг1ат даьккхина стеш а,сенъелла йог1у буц а,доллу х1ума серла даьккхина,дох а дина болу къегина схьакхетта малх а.«Кестта хьун а сенлур ю,буц лакха а ер ю,стоьмаша заза а доккхур ду»,- ойла йора к1анта. Ахьмад х1ума йиъна воллушшехь,кхуьнан б1аьрг кхийтира схьайог1учу шина зудчух.Кхунна девзира шен ненан болар.(М.Юнусов)

Грамматически т1едиллар.

1)Хандешнашна буха сиз хьакха.

2)Т1аьххьарлерачу  предложенина бе синтаксически къастам

ΙΙΙ.Жам1 дар

Кхин цкъа а йоьшу тетрадаш схьалахьдо.

ΙV.Ц1ахь бан болх

Хандешах лаьцна карладаккхар.

 

Г1а урок.    

Урокан ц1е:Жам1 дар

1алашо: Шеран 1амийнарг карладаккхар а, т1еч1аг1дар а.

              

                    Урок д1аяхьар.

Ι.Урокан болх д1ах1оттор.

ΙΙ.Ц1ахь бина болх таллар.

1.Кхочушдина шардар барта толлу.

2.Бакъо схьаюьйцу.

ΙΙΙ.Хьалха 1амийнарг карладаккхар.

-Терахьдош стенах олу?

-Терахьдешнийн маса тайпа ду?

-Лаамаза а, лааме а хуьлий терахьдешнаш?

-Муьлхачу тайпанашка декъало уьш?

-Дожаршца хийцалой терахьдешнаш?

-Тераьдешнаш хийцалой дожаршца?

-Терахьдешнийн кепаш хийцалой дожаршца?

-Церан чаккхенаш схьакъасто хаьий шуна?

-Муха кхоллало рог1аллин терахьдешнаш?

-Дожаршца хийцалой терахьдешнаш?

-Маса кепара хуьлу терахьдешнаш?

-Декъаран а,дакъойн а терахьдешнаша х1унт гойту?

-Гулдаран а,билгалза-масаллин а терахьдешнаш х1ун гойту?

- Йог1учу хенан хандешнийн маса кеп ю?

-Яханчу хенан хандешнийн маса кеп ю?

-Хаттарш дийца йог1учу хенан.

-Хандешан коьрта маса хан ю?

-Стенах олу билгалдош?

-Маса тайпа ду билгалдешан?

-Лааме а, лаамаза билгалдешанш муха лела?

-Дожаршца а, терахьашца а, классашца а хийцалой билгалдешанш?

-Цхьалхе а,чолхе а,х1оттаман а хуьлий терахьдешнаш?

ΙV.1амийнарг т1еч1аг1дар.

1. Дешархошка кхочушйо шардар.

VΙΙ.Урокан жам1 дар.

-Вай урокан ц1е х1ун ю?

-Х1ун 1амийна 6-чу классехь?

 

Ком-ть еш оценкаш д1ах1иттайо.

VΙΙΙ.Ц1ахь бан болх.

1амийнарг карладаккхар,т1еч1аг1дар.

 



Поделиться:


Последнее изменение этой страницы: 2020-11-23; просмотров: 1771; Нарушение авторского права страницы; Мы поможем в написании вашей работы!

infopedia.su Все материалы представленные на сайте исключительно с целью ознакомления читателями и не преследуют коммерческих целей или нарушение авторских прав. Обратная связь - 13.58.82.79 (0.015 с.)