Урокан ц1е:Билгалдешнаш терахьашца хийцадалар. 


Мы поможем в написании ваших работ!



ЗНАЕТЕ ЛИ ВЫ?

Урокан ц1е:Билгалдешнаш терахьашца хийцадалар.



 1алашо: Хаа деза,билгалдешнийн терахьашца хийцадалар муха хуьлу,

         массо а билгалдош хийцалой терахьашца, стенах доьзна ду и.

        Дешархой кхето беза, юкъаметтигаллин билгалдешнаш терахьехь

        Ц1ердашца уьйр йолуш цахиларх.

                            Урок д1аяхьар.

Ι.Урокан болх д1ах1оттор.

ΙΙ.Ц1ахь бина болх таллар.

1.Ц1ахь кхочушдина шардар барта толлу мухаллин а, доладерзоран а тайпанаш билгалдоху.

2.Бакъо схьаюьйцуьйту.

ΙΙΙ.1амийнарг карладаккхар.

1.Уьн т1ехь хьалххе кечйина ю схемаш. Цаьрга а хьожуш, предложенеш х1иттае, уьш д1аязъе.

         
   


1) ●          ?               !

 2)                        ткъа                            ●                                       амма                                  

 
 

-Предложенешна юкъа лааме, лаамаза билгалдешнаш даладе.

2.Д1аязде лааме билгалдешнаш.Суффиксаш сизахца гайта:

Халкъаниг,майраниг,цхьогалниг,осалниг,юьзнарг,к1органиг,онданиг,к1езганиг,мерзаниг,гондархьаниг,декъазниг,чехканиг,дераниг,селханлераниг,ломарниг,к1айниг,т1ерг1аниг,хьомсарниг,оьзданиг.

ΙV.Керла коьчал йовзийтар.

Уьна а, тетрадаш т1ехь а д1аязйо х1ара кеп:

билгалдешнаш Х1ун гойту цара Терахьашца хийцалой?
                    1                    2                          3
Йоккха юрт Йоккхалла, лаамаза,мухаллин билгалдош Яккхий ярташ
Жима йо1 Жималла гойту,мухаллин билгалдош Кегий мехкарий
Деха дег1 Локхалла гойту мухаллин билгалдош Деха дог1маш
Ломара хьаша Юкъаметтигаллин билгалдош Ломара хьеший.
Малхбузу ламаз Юкъаметтигаллин билгалдош Малхбузу ламазаш
Чехканиг,декъазниг,гергарниг,воккханиг Лааме билгалдош Чехканаш,декъазнаш,гергарнаш, Баккхийнаш

 

-Стенга хьаьжжина хийцало билгалдешнаш терахьашца?

-Йоккхалий, жималлий, бараммий гойтуш долу лаамаза мухаллин билгалдешнаш муха хийцало терахьашца?

-Юкъаметтигаллин билгалдешнаш?

-Лааме билгалдешнаш деррриге а хийцалой терахьашца?

-Хьехархочун г1оьнца жам1 до билгалдешнийн терахьашца хийцадаларх лаьцна.

V.1амийнарг т1еч1аг1дар.

1.Кхочушдо 42-43-г1ий шардарш.

2. «Г1иллакхийн хазна» аьлла болх болор бу вай тахана,г1иллакхах лаьцна хьехамаш а,кицанаш а яздеш:

1)Мархийн бутт базбеш, марханаш кхабар,нагахь шен марха дацахь, нахана юккъехь бага х1ума ца 1иттар.

2)Воккханиг т1евог1уш кевне я не1аре кхочуш велахь, жимчо воккханиг чувохуьйту.

3)Кхо стаг д1авоьдуш,воккханиг юккъехь а волуш,цул жиманиг аьрру аг1ор а волуш,уггаре жиманиг аьтту аг1ор а волуш хуьлу.

4)Эрна дош цаалар, аьлла дош лардар.

5)Дина кост а, дина весет а д1аалар.

6)Хьайна хууш долу хаза г1иллакхаш нахана 1амор Далла хьалха деза ду.

7)Шен къоман мотт ца безаш, цуьнан сий ца деш волу стаг-стаг вац.(С.Цугаев)

Д1абеша хьехамаш.

-Лексически маь1нех ца кхеташ дуй дешнаш?

-Шайн дешнашца схьабийца церан чулацам.

К1оргера буй и-Шаьш кегий хетий шуна царех кхета а,уьш кхочуш бан а?

-Билгалдешнаш дукхаллин терахье а х1иттош, схьаязде.Дийца,муха кхоллало церан дуккхаллин терахь.

 

VΙ.Урокан жам1 дар.

1.Тема ч1аг1ъеш хаттарш ло.

2.Комментировать еш оценкаш д1ах1иттайо.

 

VΙΙ.Ц1ахь бан болх.

1.Кхочушде 45-г1а шардар.

2.1амае 5-г1а §.

3.Г1иллакхах лаьцна долу ши- кхо кица язде.

Г1а урок.



Поделиться:


Последнее изменение этой страницы: 2020-11-23; просмотров: 750; Нарушение авторского права страницы; Мы поможем в написании вашей работы!

infopedia.su Все материалы представленные на сайте исключительно с целью ознакомления читателями и не преследуют коммерческих целей или нарушение авторских прав. Обратная связь - 18.217.108.11 (0.032 с.)