V.Схьаязъе г1алаташ даьхна предложенеш. 


Мы поможем в написании ваших работ!



ЗНАЕТЕ ЛИ ВЫ?

V.Схьаязъе г1алаташ даьхна предложенеш.



 

                                                                         

Г1а урок.

Урокан ц1е: Къамелан дакъош(юкъара кхетам)

1алашо: Ц1ердош,билгалдош,хандош,куцдош а карладаккхар а,

           церан синтаксически г1уллакх довзийтар а.1амийнарг

           т1еч1аг1дар.

                                    Урок д1аяхьар.

Урокан кечам бар.

ΙΙ.Ц1ера болх толлу.

-Маца яздо вай дешан чаккхенгахь н элп?Даладе масалш.

-Къамелехь олий вай н элп?

-Муьлха къамелан дакъош 1амийна вай?

-Х1ун гойту цара?Даладе масалш.

-Кху предложенина бе морфологически къастам.

Ц1.дош. хан.д. хуттург.    Ц1.д. хан.д. ц1ер.дощ.

Книгаш яхьар ю аьлла, дош делира ас цунна.

-Кхин муьлха къамелан дакъа девза вайна?

ΙΙΙ.Дешнаш т1ехь болх.

 

Ч1ана ю (билг.)-еда,питьё.

1адам бу (ц1ердош)- ужас.

ΙV.1амийнарг карладаккхар,т1еч1аг1дар.

 

1)билгалдаха къамелан дакъош.

Стаг,аьхна,ц1ен, вахара,инкарло,болх,меллаша,еара,стохка,хаза,зезаг,стела1ад,ийцира,журнал.

а)Бераша гурахь синтарш дуьйг1ира.

б) Геннара гора йог1у сийна машен.

в) Асет а, Разет а, Ровзан а дика доьшуш ю

-Дуьйцу къамелан дакъойх лаьцна.

-Предложенехь церан синтаксически г1уллакх.

V.1амийнарг т1еч1г1дар.

 

-Кхочушде 27-г1а шардар.

-Предложенина бо синтаксически къастам.

-Т1аххьарчу предложенина бе морфологически къастам.

VΙ.Жам1 дар.

-Муьлха къамелан дакъош девза вайна?

-Меран н маца яздо дешан чаккхенгахь?

-Муьлхачу дожаре даккха деза дош н элп дуй хьажа?

VΙΙ.Ц1ахь бан болх.

 

1. Бакъо карлаяккха.

2.Кхочушде 28-г1а шардар.

Г1а урок.

Урокан ц1е:Билгалдош,цуьнан маь1на а,морфологически билгалонаш а.

 1алашо: Билгалдешан морфологически билгалонаш йовзар,церан синтаксически г1уллакх къастор.Билгалдош кхечу къамелан декъех къасто хаар.

Урок д1аяхьар.

Ι.Урокан болх д1ах1оттор.

ΙΙ.1амийнарг карладаккхар.

1.Кхочушдо 22-г1а шардар(4 предложени язйо)

-Билгалдаха къамелан дакъош.

-Ц1ердешнашна бе морфологи къастам кхаа кепехь.

ΙΙΙ.Дешнийн диктант.

Атта некъ, аьрха говр, аьчкан маьнга, башха йоза, бес-бесара къоламаш, бецан н1аьна, боьмаша мачаш, боьрша эса, букъан даь1ахк, довха дог, довха куьг, готта урам, гергара к1ант,дайн стака,еак1ов керт, зене болх, ингалсан мотт,деден шаьлта,вешин сахьт.

-дийца, х1ун олу оцу дешнех.(Дешнийн цхьаьнакхетарш).

-Муьлха къамелан дакъош ду уьш?

-Коьрта дешнаш муьлхарш ду?Дозуш дерш а билгалдаха.

-Муьлхачу а дешнийн цхьаьнакхетарна бе къастам.

     муха?

Кеп: дайн стака

      ↓  ↓

Билгалдош ц1ердош

ΙV.Керла коьчал йовзийтар.

1.Х1унда оьшу билгалдош?

2.Муьлхачу къамелан декъаца уьйр хуьлу цуьнан?

3.Билгалдош ша лелий, цхьаьна а дошца уьйр йоцуш.

4.Х1ун гойту билгалдашо?Даладе масалш дешнийн диктантана т1ера.

5.И билгало муьлхачу къамелан декъан гойту цо?

6.Т1аккха билгалдашо ц1ердешан билгало гойту ала мегар дуй?

7.Бес-бесара зезагаш дара бешахь.

 

-Билгалдош муьлхачу дашах дозуш ду?Муха хии иза?(Хаттар х1оттийча).

Зезагаш муха ду?-бес-бесара.

-Муьлхачу а ц1ердашца лелий бес-бесара боху билгалдош?Бес-бесара бошмаш ала мегар дуй?(Дац.Билгалдош муьлхачу а ц1ердашца ца лела)

8.Кхин билгалдешнаш хир дарий те зезагийн кхин а билгалонаш гойтуш?

Даккхий  зезагаш,хаза зезагаш,арара зезагаш,бешара зезагаш,лекха зезагаш.

-Зезагийн билгало гойтий оцу дешнаша массара а?

-Х1унда аьлла царех билгалдешнаш?Муха ду церан хаттарш?

-Терахьашца а,дожаршца а хийцалой билгалдешнаш?

-Легаде йоккха к1удал,яккхий к1удалш боху дешнийн цхьаьнакхетарш классан уьна а, тетрадаш т1ехь а.

-Х1ун гойту х1окху билгалдешнаша: ц1еран серло,арахьара стаг,аьхкенан денош,дашо сахьт, мерза кхор.

 

9.Дешархошка йоьшуьйту 1-ра §,ца кхетачух кхета а беш.

V.1амийнарг тё1еч1аг1дар.

1.Кхочушдо 27-г1а шардар.

2.Кхочушдо28-г1а шардар.

VΙ.Урокан жам1 дар.

-Стенах олу билгалдош?

-Муха кхета шу билгалдашах?

-Муьлхачу къамелан декъаца уьйр хуьлу?

VΙΙ.Ц1ахь бан болх.

1.1амае 1-ра §

2.Кхочушде 29-г1а шардар.

Г1ий урокаш.

Урокан ц1е:Мухаллин а, юкъаметтигаллин а, доладерзоран а билгалдешнаш.

 1алашо: Билгадешнийн тайпанаш довзар.Хаа деза уьш вовшех къасто,муьлхачух олу                       

           Юкъаметтигаллин?Доладерзоран?Цра х1ун гойту?

Урок д1аяхьар.

Ι.Урокан болх д1ах1оттор.

ΙΙ.Ц1ахь бина болх таллар.

1.шардар барта толлу.

2.бакъо схьаюьйцуьйту.

ΙΙΙ.Хаьржина диктант.

Сихха хьалахьаьжира аса б1аьргаш,Лекхачу екхначу стиглахула тийна нека деш къилбехьа оьланаш йина д1ашершара к1айн кегийн,яйн мархаш.Ц1еххьана сан коьрта т1ехула хьаьвзира кегийчу чуьркийн дийнна цхьа ж1уга.Царех масех чуьрк хааелира суна сайн метта т1ехь.

-Билгалдешна буха сиз хьакха,дийца церан тайпанаш.

-Муьлхачу къамелан деъкна уьйр ю церан.

Кеп: Лекхачу екхначу стиглахула-билгалдашо гойту мухалла.

ΙV.Керла коьчал йовзийтар.

1.Уьн т1ехь хьалххе кечйина кеп:

Билгалдешнийн тайпанаш.

мухаллин юкъаметтигаллин доладерзоран
Мухалла гойту. Муха? Муьлха? Х1уманний, цуьнан билгалоний юккъехь йолу юкьаметтиг гойту. Х1ума хьенан я стенан ю.

1)(доладер-н) аьттан шура,йишин бер, Эдалханан некъаш, цхьогалан ц1ока, г1умкийн мотт;

2)(юкъам-н) аьчкан ков, таханлера де,лулара нах,хьалхалера зама,дененан туьйра;

3)(мухаллин)хала хьесап, дуткъа к1ади, дера хьаьким,токхе гуьйре,лекха дег1.

2.-Маса тайпа ду билгалдешнийн?

-Муьлха билгалдешнаш нисдина хьалхара кепа чу?

3.Дешархошка йошуьйту 2-г1а§.

-Муьлха билгалдешнаш яздо доккхачу элпаца?

V.1амийнарг т1еч1аг1дар.

1.Кхочушдо 32-г1а шардар.

2 .Гуьйре,стигал,мархаш,мох, латта, аренаш,хьаннаш,акхарой,олхазарш,г1аш,дитташ,хи, зезагаш, буц,дог1а -бохучу ц1ердешнашна уллохь язде билгалдешнаш,шайн оьшучу терахье а, дожаре а х1иттош.Билгалдешнийн тайпанаш билгалдаха.

Кеп: Хаза гуьйре,дашо гуьйре,шийла гуьйре.

VΙ.Жам1 дар.

1.Муха къастадо билгалдешнийн тайпанаш?

2.Мухаллин билгалдешнаша х1ун го1ту муьлхачу хаттаршна жоп ло цара?Даладе масалш.

3.Юкъаметтигаллин билгалдешнаш.Даладе масалш.

4.Доладерзоран билгалдешнаша муьлхачу хаттаршна жоп ло.Х1ун гойту цара?Муха яздо долахь йолчу ц1арах кхолладелларг?

Даладе масалш.

VΙΙ.Ц1ахь бан болх.

1.1амае 2-г1а §.

2.Кхочушде 33-г1а шардар.

Г1а урок.



Поделиться:


Последнее изменение этой страницы: 2020-11-23; просмотров: 515; Нарушение авторского права страницы; Мы поможем в написании вашей работы!

infopedia.su Все материалы представленные на сайте исключительно с целью ознакомления читателями и не преследуют коммерческих целей или нарушение авторских прав. Обратная связь - 3.145.59.187 (0.013 с.)