Нохчийн меттан урок (8 класс) 


Мы поможем в написании ваших работ!



ЗНАЕТЕ ЛИ ВЫ?

Нохчийн меттан урок (8 класс)



Тема: Дешт1аьхьенаш а, дешхьалхенаш а дешнашца нийсаязъяр.

Алашо:

Дешт1аьхьенех а, дешхьалхенех а дешархоша хьалхарчу классашкахь 1амийнарг карладаккхарца, церан эсехь т1еч1аг1деш, церан нийсаязъяран бакъонаш кхин а к1орггера 1амош, дешархойн къамел а, кхетам а шорбар, уьш кхетош кхиор.

Урокан эпиграф:

Да шен цIен тIехь да хиланза,

Цкъа а ваьлла вац хьуна.

Дика кIант шайн дайн сийданза,

Стаг хилла а вац хьуна.

Урок д1аяхьаран некъ

  1. Урокана кечам бар.
  2. Хьехархочун дош а, мотиваци яр а.

Сан хьомсара дешархой, вай юха а вовшахкхийти нохчийн меттан урокехь. Ма сатеснера ас шуьга, шуна хуург карладаккхарца, керланиг шуна довзийта, шун къамел кхиорца, иманехь шу кхетош кхион а. Д1айолае вай вешан урок. Кийча дуй шу…?

  1. Ц1ахь бина болх таллар.

Къамелан дакъойх долу хаарш карладахар, 10 предложени х1оттор.

  1. Темица болх д1абахьар.

-Маса къамелан дакъа ду нохчийн маттахь?

-Маса коьрта ду царех? Маса г1уллакхан къамелан дакъа ду?

-Дуьззина долу дош маса декъах лаьтта?

-Х1ун башхаллаш ю дешт1аьхьенний, дешхьалхенний юккъехь?

-Муха язйо дешхьалхе дешнашца?

-Муха язйо дешт1аьхье дешнашца?

(Дешархоша дуьззина жоьпаш ло, хьехархочо кхин а шордо церан хаарш)

  1. Къамел кхиоран а, кхетош кхиоран а болх д1абахьар.

Доски т1ехь ялийнчу байтан маь1на дастарца, дуьненахь вехачу ханна стага 1илма 1амош, хьанала къахьега дезаш хилар хоуьйтуш, хьарамчух ларвала везарх кхетош, къамел кхиоран болх а, дешархой кхетош кхиоран болх а д1ахьо. Хьалха барта дуьйцу шайна гергахь долу маь1на, хьехархочо т1едузу. Т1аккха тетрадаш т1е д1аяздо.

  1. 1амийнарг т1еч1аг1дар.

1амийнарг т1еч1аг1деш, дешархоша шайгара ялало итт-итт дешт1аьхье а, дешхьалхе а, тетрадаш т1е д1аяздо.

  1. Дешнашца болх бар.

Талмаж, талмажан, талмажна, талмажас. Дукх.тер. талмажаш. Оьрс. мат. Переводчик. Йийсар, йийсаран, йийсарна, йийсаро. Дукх. тер. Йийсарш. Оьрс. мат. Пленник. Мух1ажар, мух1ажаран, мух1ажарна, мух1ажаро. Дукх. тер. Мух1ажарш. Оьрс.мат. Переселенец.

  1. Урокан рефлекси яр.

Дешархой, вайн урокан хан чекхъяла герга ю, алийша соьга, вайн таханлерчу урокехь 1амийнарг карладаккхарехь я керланиг довзарехь х1ун атта хийти шуна, х1ун хала хийти шуна? Муха кхийти шу урокан чулацамах?

(Дешархоша дуьйцу шайна хетарг).

  1. Урокан жам1 дар.

Таханлерчу урокехь коьрта къамелан дакъа хандош карладахарехь, шу кхетош-кхиорна а, къамел кхиорна а лерина д1абаьхьначу белхаша шайн дахарехь пайдаэца х1ун керланиг довзийти шуна?

(Дешархоша дуьйцу шайна хетарг).

  1. Ц1ахь бан болх балар.

Х1ора хенан хандешнаш юкъадалош, 10 предложени х1оттор.

Приложение 7.2

(Примерная схема урока родной литературы)

Нохчийн литературин урок (6-гiа класс)

Чулацам: Саракаев Хьамзатан «Ирсе бIаьрхиш» цIе йолу дийцар.

Iалашо: Дешархойн литературе безам кхуллуш кхетош-кхиор, церан Саракаев Хьамзатан дахарх а, кхоллараллах а долу хаарш кIаргдар,

«Ирсе бIаьрхиш» дийцаран чулацамца нене болу безам совбаккхар.

ТIехьажаман гIирс: Саракаев Хьамзатан портрет, гуларш, цунах лаьцна дуьйцу пенгазеташ, «Орга» журналаш.

Урок дIаяхьа

«Лаьмнел лекха бу ден синхаам, хIордал кIорга бу ненан безам».

  (Кицанан маьIна достуш, кхетош-кхиорца дIайолайо хьехархочо урок)

1. Муха кхета шу кицанан маьIнах?

2. ХIунда дина аьлла хета шуна халкъо и тайпа дустар?

Дешархоша дуьйцу шайна хетарг.

Хьехархочо досту кицанан маьIна – Дела цхьаъ винчул тIаьхьа, Делан Элча (I.с.в.) бакъвинчул тIаьхьа, шен дай, наний ларар тIехь ду Дала кхоьллинчу массо а адамна. Нохчийн къам бусулба динца догIуш долу, и Делан деза гIиллакхаш чIогIа лелочех цхьаъ ду… (кхи д/а).

ЦIахь беллачу белхан мах хадор.

Саракаев Хьамзатан биографин чулацамца доьзначу хаттаршна жоьпаш далар, «Ирсе бIаьрхиш» дийцар дешар.

Дешархоша дуьззина жоьпаш ло хаттаршна.

Керлачу темах кхетам балар.

- Вай шуьца дIаяханчу урокехь дийцира Россин яздархойн Союзан декъашхочух, Россин журналистийн Союзан декъашхочух, Нохчийн Республикин хакъволчу журналистан, яздархочун Саракаев Хьамзатан дахарх а, кхоллараллах а лаьцна…… (кхи д/а).



Поделиться:


Последнее изменение этой страницы: 2021-04-12; просмотров: 472; Нарушение авторского права страницы; Мы поможем в написании вашей работы!

infopedia.su Все материалы представленные на сайте исключительно с целью ознакомления читателями и не преследуют коммерческих целей или нарушение авторских прав. Обратная связь - 3.138.179.119 (0.005 с.)